Хьехархочун балхал ч1ог1а вайн халкъана оьшуш, пайден болх кхин бац аьлла тешна ву со. Х1унда аьлча, берашна массо тайпана хаарш луш, уьш кхетош-кхиош, массо диканиг царна 1амош, х1ора дийнахь къахьоьгуш бу вайн школашкара хьехархой. Царна йуккъехь а бил-галбаха лаьа суна йуьхьанцарчу классийн хьехархой. Берийн хаарийн бух биллар царех дозуш ду. Хьехархо дика хилча, цуьнан классера бераш хьалхарчу классера дуьйна дика доьшуш чекхдовлу школехь, иштта, цул т1аьхьа колледжехь йа университетехь а.
Цу т1ехь боккха аьтто хилла Шуьйтара йукъарадешаран йуккъерчу школин 4-чу классан дешархойн. Церан классан куьйгалхо Басханова Румиса Исраиловна ша бечу белхан доккха зеделларг а долуш, к1орггера хаарш хиларца бил-гал а йаьлла, дика хьехархо йу. Коьртаниг — бераш дукхадезаш а, уьш доггаха 1амош схьайог1уш а йу.
Иза Невран к1оштарчу Алпатово йуьртахь йина а, кхиъна а йу, цигахь йуккъера школа кхиамца чекх а йаьккхина. Хьехархочун болх ша школехь доьшуш йолчу хенахь безабеллера Румисина. Х1ара йуьхьанцарчу классашкахь йолуш кхуьнан хилла хьехархо Евдокия Максимовна (тахана йоцуш йу иза) дика адам а, шен белхан говзанча а хилла, бераш дукха дезаш а, цаьрца ч1ог1а к1еда-мерза а йолуш, х1ора урокехь уьш дика кхетош, царна хьоьхуш. И санна хьехархо хила, цунах тера а йолуш, лаам кхоллабеллера йоь1ан дагчохь. Иза шен 1алашоне кхача а кхечира, школехь аттестат схьаэцначул т1аьхьа. Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн институтан йуьхьанцарчу дешаран педагогикин а, методикин а факультете деша йахара йо1. Дика доьшуш чекх а йаьккхира и лаккхарчу дешаран хьаьрма.
Нохчийчохь чолхе хьал долчу хенахь, 2000-чу шарахь д1аболабелира цуьнан къинхьегаман некъ. Ша дешначу Алпатово йуьртарчу йуккъерчу школин йуьхьанцарчу классийн хьехархо хилира Румисех. Цигахь 8 шарахь хьанала болх а бира цо.
Шуьйтара йуккъерчу школе 2009-чу шарахь йеара Румиса Исраиловна. Цу хенахь шен дахар ламанан йуьртаца доьзна, кхузахь кхоллам-рицкъа а хилла,1ен-йаха схьайеънера йо1. Керлачу меттехь балхах йуола цунна г1о дира дуккха шераш-кахь хьехархочун болх беш схьайог1уш йолчу Эжиева Раиса Баудиновнас. Цуьнан ц1е ларамца йоккху Румисас.
Тахана иза ша хьехархойн коллективехь дика ц1е а йоккхуш, шен классерчу берашна дукха а йезаш, церан дай-наноша сий-ларам а беш схьайог1уш йу.
— Тхан тоьллачу хьехархойх цхьаъ йу Румиса Исраиловна, — боху Шуьйтара йуккъерчу школин директора Цинцаева Лалас. — Бераш дика 1амадо цо. Цуьнан классера дешархой дешарна т1ег1ерташ, къахьоьгуш схьабог1уш бу. Къоначу хьехархошна г1о-накъосталла а до цо. Вуьшта дика адам а ду иза. Цундела коллективехь лоруш а йу.
Ша Шуьйтахь хьехархочун болх беш схьайог1учу муьрехь дешархойн масех класс арахецна цо (1-чу классера 4-чу классе кхаччалц 1амош). Хууш ма-хиллара, дешархойн хаарийн бух оцу хьалхарчу деа шарахь кхуллуш бу. Йуьхьанцарчу классашкахь шен хьехархо дика хиллехь, кхид1а школехь кхиамца доьшуш д1адоьду бер. Ткъа Румисин хилла дешархой, дукхахберш, дешарна т1ера болуш чекхбевлла йуккъерчу а, ла-кхарчу а классашкахь. Царех цхьаберш тахана, хьехархойн университет чекх а йаьккхина, шайн хиллачу хьехархочуьнца цхьаьна школехь болх беш бу. Церан дика хьехамча йу Басханова Румиса.
Румисин хьанала къинхьегам билгалбаьккхина районан дешаран отделан а, школин куьйгаллин а Сийлаллин грамоташ а, Баркаллин кехаташ а даларца.
Тхан къамел дерзош, х1ара дешнаш ала лиира Басханова Румисина: «Т1екхочуш долчу тхешан корматаллин денца вайн к1оштан школашкара массо хьехархой даггара декъалбо ас. Дала дахарехь ирс-аьтто а, доьзалехь барт а, балха т1ехь керла кхиамаш а хуьлийтийла шун!»
Иштта, кху мог1анийн авторна а лаь тхайн «Ламанан аз» газетан журналистийн ц1арах берриге хьехархой церан дезчу денца декъалбан. Дала могашалла а, собар а лойла шуна атта боцу, амма сийлахь болу хьехархочун болх д1акхехьа!
М. ИЛЬЯСОВ

