Цкъа а дицлун доцу де

Цкъа а дицлун доцу де

1944-чу шеран 23-г1а февраль… Къематде х1оттийра оцу дийнахь нохчийн а, г1алг1айн а халкъашна Сталин бохучу йовсаро а, цуьнан гоно а. Ахмиллион сов долу вайн халкъаш — карахь долчу берашна т1ера къаношна т1екхаччалц — т1ехкхераме зуламхой санна, салташа герзаца ницкъ а беш, лецира. Шаьш лелочунна резавоцуш верг йа жимма дуьхьало йан г1оьртинарг т1е тоьпаш тухий воьра салташа. Къинхетам ца буора йа берех, йа зударех.
Оцу шийлачу 1аьнан дийнахь, къемата дийнан сурт ч1аг1деш, массо а йарташкахь 1оьхура холча х1иттина бежнаш, уьстаг1ий, лиетара ж1аьлеш, йекара котамаш. Зударийн белхар лаьттара массо а меттехь. Кийрахь дог долчуьнга ла цадаллал, ирча хьал дара х1оьттинарг.
Амма шек бацара салтий а, эпсарш а. Шайна делла долу омра кхочушдеш, фашисташа ца гайтина йолу къизалла гайтира цара. Хийла бер, зуда, къано вийра бехк а боцуш, т1е тоьпаш а йетташ, цхьамзанаш а 1уьттуш. Ткъа ламанан йуьртахь Хьайба-хехь ц1е тесна дагийра 700 сов адам. И Хьайбах вайн цхьаъ хилла ца 1а, уьш масийтта йу. Больницашкахь 1оьхкуш болу нохчийн а, г1алг1айн а къомах болу дуккха а дархой х1аллакбира.
Х1оранга а шена т1ейуьйхина йерг бен кхин бедар а, кхаа денна тоъал бен кхача а схьа ца оьцуьйтуш, даьхни д1асалелочу вагонаш чу а доьхкина генарчу Казахстане а, Г1ирг1изойн махка а д1ахьовсийра нохчийн а, г1алг1айн а халкъаш. Цхьана баттана церан ц1енош хилла д1ах1иттира и мехаша лоькхуш йолу шийла вагонаш. Масех дийнахь цкъа бен схьайоьллуш йацара церан не1арш. Хийла вайнехан йо1, жима зуда хеназа кхелхи цу вагонаш чохь, эхь-бехках ца йоха г1ерташ дег1ана ницкъ бина. Дуккха баккхийнаш а, кегийнаш а бакъдунене д1абаха бехачу некъан халонаш ца лайна. Беллачийн декъий лаьттах дохка бакъо ца хиларна, уьш лайт1е охьа а дохкуш д1аихна вайнах генарчу цабевзачу махка.
«Изменники Родины» аьлла боьха ц1е а тиллина вайн халкъаш ц1ерадохучу хенахь эзарнаш нохчийн а, г1алг1айн а дика к1ентий Сийлахь-боккхачу Даймехкан т1амехь мостаг1чух майра лиэташ хилла, шайн синош ца кхоош. Вайн халкъийн уьтталг1а дакъа т1амехь хилла, дукхахберш шайн лаамехь бахана а хилла цига. Царах х1ора а вуй-те аьлла, орденца йа мидалца билгалваьккхина хилла, т1ом дика барна. Ткъа нохчийн т1емлойх йалханна Советски Союзан Турпалхочун ц1е тиллина а хилла. Амма и лакхара ц1е тилла командираша хьалхатеттинарг вайн къомах волу 136 салти а, эпсар а хиларан тоьшалла до цхьадолчу исторически тептарша. Деккъа цхьана бахьанина — уьш нохчий хиларна ца йелла царна йог1уш йолу турпалхочун ц1е. Оцу дерригено гойту мел йоккха харцо хилла вайн халкъана т1ехь лелийнарг.
Казахстанехь а, Г1ирг1изехь а тайп-тайпанчу йарташкахула д1асадаржийнера шайн даймахкахь цхьанаметтехь 1ен 1емина долу халкъаш. Ц1ерадохуш вовшахкъаьстина доьзалш, гергарнаш вовшахкхета йиш йоцуш лийлира дуккха а шерашкахь. Комендантан пурба доцуш йуьртара араваьлларг, 25 шаре кхаччалц хан а тухий, чувуллура. Концлагере чубоьхкинчерачул ша оьшуш ца хиллехь, х1умма а тоьлаш дацара вайнехан хьал хийрачу махкахь. Йийцина ца валлал 1аламат йаккхий халонаш лайна вайн баккхийчара. Кхин цхьа а бакъо ца хилла церан, маццалла, шелонна, цамгарех балий бен. Ц1ерадаьхна даьккхинчу 1аьржачу 13 шарахь ах халкъ х1аллакьхилла вайн. Хийла да вахна лаьттан кийра, цкъа мукъане а хьомечу Дег1астане б1аьрг тоха сатуьйсуш, амма и лаам кхочуш ца хуьлуш. Дала гечдойла царна массарна а!
Нохчийн, г1алг1айн халкъаш х1аллакьхилийта г1ерташ, шайн хирриг дира сталинско-бериевски г1ерано. Амма вайнах са ч1ог1а долуш хиларна, доьналлех, стогаллех ца бухуш шайн Даймахка йуха а бирзира Делан лаамца.
Делахь а, цул т1аьхьа иттаннаш шераш д1адевллехь а, 1944-чу шеран февраль беттан 23-г1а де дицдан бакъо йац вайн. Цкъа а. Дуьненчохь нохчийн, г1алг1айн къомах цхьа стаг мел ву.
М. ИЛЬЯСОВ

About Post Author

Общество