Хууш ма-хиллара, т1едеана 2026-г1а шо — ламанан к1оштийн Шо, аьлла д1акхайкхина вайн Мехк-Дас Кадыров Рамзана. Цунна т1едоьг1на тхуна лиира Акаев Руслан коьртех волчу Шуьйтан к1оштан администрацин куьйгаллин дог-ойла йовза. Цу хьокъехь тхан къамел хилира к1оштан администрацин куьйгалхочун инвестицешкахула, экономикехула, мах-лелорехула заместитель йолчу Сулейманова Хедица.
— Лараме 1абдулхьамидан Хеда, луур дара хьоьгара хаа — вайн к1оштахь муха т1еийци 2026-г1а шо Мехк-Ден Кадыров Рамзанан лаамца ламанан к1оштийн Шо ду аьлла д1акхайкхор?
— Цхьа а шеко йоцуш, карара шо вайн Мехк-Дас билгалдаккхар шеца доккха маь1на долуш ду. Ламанхойн 1ер-дахар кхид1а а тодарна т1ехьажийна ду 2026-г1а шо иштта билгалдаккхар. Цундела Шуьйтан к1оштан куьйгалло а, бахархоша а хазахетарца т1еийцира и кхаъ. Ала дашна, кху масех шарахь Акаев Руслан коьртехь волу к1оштан администраци ламанан йарташ-кахь бахархойн 1ер-дахарца долу хьал тодарехь дика къахьоьгуш схьайог1уш йу. Цунна тоьшалла ду х1ора йуьртахь бохург санна тодеш долу некъаш, хьалайеш лаьтта социальни декъехула а, спортехула а йолу объекташ, долахь г1ишлош… Ткъа т1едеана 2026-г1а шо иштта д1акхайкхор бахьана долуш, тхан аьтто бели и г1уллакх боккхачу айамца, лакхарчу т1ег1анехь д1адахьа. Тхан кечйина леррина программа а йу, билгалйаьхна хенаш йолуш, НР-н Куьйгалхочун, Правительствон Администрацис къобал а йина. Тхан коьрта 1алашо бахархойн 1ер-дахар тодарна т1ехьажийна йу. Цунна т1едоьг1на, таро йолу нах (инвесторш) чубахкийта, царна оьшу хьелаш кхолла дог-ойла а йу администрацин куьйгаллин.
— Вайн къамел д1ахьош хатта луур дара хьоьга, йуьртабахам а, туризм а кхиаран новкъа йаккха оьшуш долу хьелаш дуй вайн ламанан к1оштахь?
— Иза дика хаттар ду. 1аламан хьелаш, Далла бу хастам, долуш ду вайн Шуьйтан к1оштахь: лаьмнаш, хьун, хиш, шовданаш… Муьлхха йурт вай схьаэцча, бежана-уьстаг1 лелон аьтто бу. Цу декъехь шайн фермерски бахам схьабиллина къахьоьгуш ву 62 фермер, иштта 300 сов предприниматель а. Ламанан к1оштийн шо билгалдоккхуш вайн д1айахьа лерина 16 мероприяти йу. Царна йукъадог1уш ду карара шо долалуш Шуьйта-г1аличохь схьадиллина 2500 стагана лерина коьрта маьждиг; кестта схьадоьллун долу Зонахара йуьртан маьждиг а, 120 стаг чуваха йиш йолуш. Кхушара вай кхочушйан бил-галйина 8 инвестиционни проект 173,4 млн соьмана, 44 керла белхан меттиг а хир йолуш. Цу йукъахь йу туризм кхиорна лерина «Нохч-Келан чухчареш» ц1е йолу йоккха объект, х1ара шо дерзале йина йер йу иза.
Ала дашна, вайн к1оштахь стохка а, лурчаха а схьайиллина цу декъехь объекташ йу Уьрд-Юхахь, Д1айхь, Нихалахь, Зонахахь. Цул сов, хууш ма-хиллара, Нихалахь Ч1аьнта-Органа хи т1ехь йеш йу уггар йаккхийчарех объект — электростанци. Иза йина йалахь вешан электросерло хиларал сов, алссам белхан меттигаш хир йу нахана.
Иштта ламанан к1оштийн Шеран гурашкахь Шуьй-тахь дан лерина ду кхо г1ат йолу ши ц1а, шайна чохь 28 квартира а йолуш. Цул сов, Хьалкелахь бирг1анашца хи дало белхаш бу д1ахьур болуш. Кхаа к1оштана аьлла билгалйаьккхина б1е стагана лерина хьафизийн школа йу Г1уш-Коьртахь йан йолийна, иза а боккха хилам бу вайн бахархошна.Кестта йина йер йолуш йоккха махлелоран комплекс йу биъ некъ къаьстачохь, Дочу-Борзе д1авоьрзучохь. Иштта лаха чохь туьканаш а йолуш, лакха т1ехь берашна ловза компьютерни чоь а йолуш йоккха объект йу Шуьйта-г1аличохь йан лерина. Шайн долахь г1ишло йоцуш йара Шара-Органера администраци, х1инца и г1ишло йаран белхаш д1аболийна цигахь. Иштта кхин дуккха а дан лерина ду вайн к1оштахь кхушара.
— Хеда, дийцахьа, йуьртабахам кхиорна т1ехьажийна х1ун дан лерина вайн ламанан к1оштахь?
— Дан лерина дуккха а ду. Уггар хьалха билгалдаккха лаьа: оха кхайкхам бина латта а, даьхний а лелон луучарна 1едало г1о дийр ду, коьртачу декъана йуьртабахаман Министерствос а деш, иштта цхьацца йолчу фондаша а, аьлла. Ламанца тоъал дежийлаш йу даьхний лелон. Нагахь санна цу г1уллакхана инвесторш т1еберзон тхан аьтто балахь, цунах боккха пайда хир бу к1оштана а, иштта вайн республикана а. Ма-хетта фермерски бахамаш кхиахь вайн к1оштахь хир йу уггар нахана оьшуш йолу экологически ц1ена йуург-мерг: шура, т1о, нехча, к1алд, жижиг, моз… И бац т1аккха боккха кхиам?!
Кхузахь билгадаккха лаьа, дукха хан йоццуш Шуьйта баьхкинера Шайх Зайедан ц1арахчу фондан векалш. Кхузахь вовшахтоьхначу кхеташонехь цара хаийтира шаьш кхоьллина «Ламанхо» ц1е йолуш леррина программа хилар, ламанан к1ошташкарчу фермершна а, предпринимательшна а, иштта и болх д1абахьа лууш болчу кегийрхошна а г1о дан 1алашо йолуш.
— Туризм республикин экономикин цхьа мехала дакъа хилла д1ах1оьттина, и кхиор пайдехь г1уллакх хилар а гуш ду вайна. Шуьйтан к1оштахь цу аг1ор деш долчух лаций дийцахь.
— Туризмах дерг доцца аьлча, иза шен кхане йолуш г1уллакх ду. Цу т1ехь билгалйаьхна программаш йолуш, дуккха а белхаш бу тхан кхочушбан лерина. Дала цу т1ехь аьтто бина вайн: масех йуьртахь вайн республикехь а йевзаш йолу чухчареш йу, иштта шира б1аьвнаш йу, шайн йийца истори а йолуш, б1аьрг тоха исбаьхьа 1алам гонах, мала ц1ена шовданаш ду, туристашна баха-бахка тодина некъаш ду, йаах1ума кхалла а, сада1а а меттигаш йу. Дала мукълахь, и хьелаш кхин а тодан 1алашо йу карарчу хенахь к1оштан администрацин.
— Ламанан к1оштийн Шеран гурашкахь аша дан билгалдинарг, Дала мукълахь, кхиамца кхочушдийриг хиларх тешна ду вай. Къаьсттина воккхавевеш ду, вай даима а хьехьош йолу белхан меттигаш алсам йевриг хилар. Цунах боккха кхаъ хир бу вайн к1оштан бахархошна.
Дала аьтто бойла шун, Хеда, шаьш йуьхьарлаьцначу дикачу г1уллакхаш т1ехь!
Йуккъехула делахь а, х1ара вайн къамел Дуьненайукъара зударийн де т1екхочучу муьрехь д1ахьош хиларна, хьо а, вайн к1оштахь бехаш болу массо зударий а даггара декъалбан луур дара оцу дезчу денца! Ирсе хуьлда шун массеран а дахар!
Саламов Мохьадди, НР-н хьакъдолу журналист

