Лараме Шуьйтан к1оштан бахархой! Даггара декъалдо шу вайн махкахь уггаре а маь1нечу, сирлачу денойх цхьаъ хилла д1ах1оьттинчу Нохчийн меттан денца!
Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен указаца билгалдина ду 25-г1а апрель вайн Нохчийн меттан де ду аьлла. Ларамаза а дац и указ арадаккхар. Ненан мотт вай бийцар а, цунах оьшучу барамехь пайдаэцар а хаъал лахделла дог1уш дара вайна. И указ арадаккхарца нохчийн мотт шена безийла а, вай массо а и ларбан а, кхио а декхарийлахь хетар хаийтира вайна вайн Мехк-Дас Кадыров Рамзан-хьаьжас.
Вайх х1ораммо а 1алашбан, ларбан беза вешан къоман мотт. Кийрахь нохчийн дог долчу муьлххачу а стага шех къасталур доцу декхар лара деза иза. Вай а ца бийцича, хила ма-йеззара цуьнца уьйр-марзо а ца хилча, хье-нан бала хир бу вайн маттаца? Къоман мотт бу вайна г1иллакх-оьздангаллица, махкана пайден болуш къонахий кхиош берг.
Тахана доккха жоьпалла ду вайна т1ехь т1екхуьу къона чкъор оьзда, хьекъале кхиорехь, уьш кхана вайн метта д1ах1итта безаш болун дела.
Вайн мотт — вайн дахаран куьзга ду. Цундела вайн дахар санна толуш, хазлуш схьабог1ур бу вайн мотт а, Дала мукълахь! Даима а бехийла вайна сийлахь Нохчийн мотт!
АКАЕВ Руслан, Шуьйтан к1оштан администрацин куьйгалхо

