Цкъа а йовр йоцу турпала ц1е!

Цкъа а йовр йоцу турпала ц1е!

2026-чу шеран 23-чу августехь 75 шо кхочу Нохчийн Республикин Хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа (Дала г1азот къобалдойла цуьнан) дуьненчу ваьлла.

Вайн халкъ хьере хилла хьаьвзинчу муьрехь, цунна кхерам т1ех1оьттича орцахваьлла, вайн ирсана шен дезчу дарже веана стаг вара Ахьмад-Хьаьжа. Цунна 1аламат дукхадезара шен къам, шен мохк, иштта къоман г1иллакхаш.

Нохчийчохь синтем, парг1ато хуьлийла лууш, буьрсачу къийсамехь шен са а, дег1 а ца кхоош, кхалхар а нисделла, д1аваха иза вайна йукъара (Дала декъалвойла иза!). Амма вайн дегнашкахь даима а вехар ву къонахашна йуккъехь а къонаха хилла волу Нохчийн Республикин Хьалхара Президент Кадыров Ахьмад-Хьаьжа.

Шо-шаре мел дели генадовлуш доьлху нохчийн къомана т1ех1иттина хилла и баланийн, халонийн шераш. Амма хан гена йаьллера аьлла доцуш, тахана а йерзаза йу оцу т1еман къаьхьалло вайн дегнашна йина хилла чевнаш. Дела ша воцург кхин орцахвала стаг воцуш, нохчийн халкъ хьере хилла хьаьвзинчу муьрехь къомана хьалхавелира Кадыров 1абдулхьамидан во1 Ахьмад-Хьаьжа. Доккха доьналла а, майралла а, политически кхетам, иштта хьежам а оьшуш зама йара т1ех1оьттинарг. Оцу кхерамечу хенахь и дерриге шегахь хилар гайтира Ахьмад-Хьаьжас.

2000-чу шеран 12-чу июнехь НР-н Администрацин куьйгалле х1оьттира Кадыров Ахьмад-Хьаьжа. Цунна х1етахь кхаьчнарг да воккхавийр волуш дарж дацара: бохийна-багийна мохк, мегарг д1адерзаза чуйеттарш, йеш кест-кестта «зачисткаш», мича-стенга буьгу а ца хууш д1акхуьйлу кегийнах, цхьана а аг1ор ваха-ван боцу аьтто… Нохчийчохь машар, низамца 1едал х1уттийла лууш бацара т1еман инарлаш, политикаш бу шаьш бохуш лелаш болу цхьаболу деятельш а, иштта цхьаццанхьа бевлла герзаш кхуьйсуш лелашберш а. Церан питанца, тешнабехкаца байарш нислора милцошна, йуьртадайшна, имамашна а йукъахь.

Шайн ма-хуьллу меттигерчу 1едалах маьршачу бахархойн тешам байа г1ертара и вай лакхахь буьйцуш берш. Амма цунах г1уллакх хир доций кхийтира Нохчийчохь машар х1оттарна дуьхьал хилларш. Ахьмад-Хьаьжас даррехь д1ахаийтира ша цхьаьнгге а шен къам ловзадойтург цахилар. Махкахошца шен кест-кестта хуьлучу цхьаьнакхетаршкахь Ахьмад-Хьаьжас довзуьйтура махкахь х1оьттина хьал, йовзуьйтура шен дог-ойла. Цкъа йуьхьаьнца шекваьлла хилларг а теша волавелира цо билгалбина некъ нийса хиларх. Ша б1аьрзевоцчунна а гуш дара Ахьмад-Хьаьжа шена а, шен доьзална а х1ума лоьхуш цахилар. Иза къомана хьалхаваьллера цуьнан парг1ато ларйан. Муьлххачу а дуьненан маь11е ша вахча (иза кест-кестта кхочура, масала, 1арбойн пачхьалкхашка) даима а цо буьйцуш берг шен къоман лазам бара.

Мел лакхарчу 1едалан т1ег1анехь болчаьрца хуьлучу къамелехь а цо олура: «Сан къам дукха баланаш 1аьвшина, халонаш лайна къам ду, тахана а изза хьал ду цуьнгахь. Дала мукъалахь, сайн са кхоор дац ас иза цу балех к1елхьарадаккха. Коьртаниг — нохчийн къам маьрша даха бакъо хилар ду. Сайх-м х1уъа хилча а шек ца волура со»,- олий. Ма-йарра цуьнан дог-ойла шена йевзича, массо аг1ор цунна оьшучунна шегара накъосталла хирг хилар ч1аг1дира Россин Президента Путин Владимир Владимировича а.

Иштта де-дийне мел дели ч1аг1луш лаьттара Нохчийчохь 1едал: болх бан йолайелира пачхьалкхан учрежденеш, кога-метта х1уьттуш йара МВД-н структураш, къаьсттина меттигера администрацеш. Иза Ахьмад-Хьаьжас хьалхе дуьйна дан леринарг дара. Цунна хаьара махкахь закон лоруш, лардеш ца хилча маьршачу нахана парг1ато хир йоцийла, цундела цунна т1ехьажийна бара цуьнан а, иза коьртехь волчу куьйгаллин а берриге ницкъ.

Вай лакхахь хьахийна ма-хиллара, йукъараллин-политически хьал республикехь меттадалоран новкъахь дукха дуьхьалонаш, бахьанаш а карадора. Царех коьртаниг лара мегар дара т1еман ражо маьршачу нахана беш болу ницкъ. Терроризмана дуьхьалйолу операци д1ахьочу хенахь йохош йара массо аг1ор адамийн бакъонаш: т1епаза бовш бара дукхахьолахь бехк-гуьнахь доцу нах (царна йукъахь дукхахьолахь нислора кегийнах) беш таллам а йа йеш законаца ма-йогг1у кхел а йоцуш шаьш та1зарш дора нахана салташа. И тайпа бахьанаша мог1арера бахархойн тешам бойура российски 1едалах, цул сов, кегийнах д1аоьхура законехь йоцуш, герзаца лелачу тобанийн мог1аршка.

Оцу х1оьттинчу хьолах дика кхетара Ахьмад-Хьаьжа. Цунах шена хетарг цо даима а хьехадора шен бахархошца хуьлучу цхьаьнакхетаршкахь, дийцаре дора хаамийн г1ирсашкахула а. Иштта цу хьокъехь йолу шен дог-ойла йовзийтира Ахьмад-Хьаьжас Россин Президент волчу В. Путинна. Нохчийн къомана т1ех1оьттинчу халонех уггаре лазаме хаттар лорура иза Ахьмад-Хьаьжас. Шен хиллачу цхьаьна интервьюхь цо иштта элира:

«Тахана нохчийн къомана ша цомгуш долчу берана санна лаккхара тидам а, г1о-накъосталла а оьшу. Вайн халкъ х1окху иттех шарахь оцу чолхечу къизачу хьолехь доллуш ду. 1994-1996-чу шерашкахь хиллачу къизачу т1амехь х1аллакьхилира дукха маьрша нах. Цул т1аьхьа деанчу кхаа шарахь, х1ора дийнахь бохург санна, цхьаццанхьа карадора 15-20 дакъа. И зулам шайгара дуьйлуьйтура хьаннашкахь лелачу харц тобанаша а, иштта салташа а. Вайн махкахь д1айаьхьначу т1еман шолг1ачу кампанис долчунна т1е а эрча даьккхира республикехь иштта а чолхе долу хьал. Нохчийчу хьажийначу х1ора а т1емалочунна хаа деза уггар хьалха ша кхуза маьрша нах законаца йоцу герз карахь лелочу тобанех ларбан ваийтина хилар».

Ахьмад-Хьаьжа дика кхетара и лазаме г1уллакх законо ма-бохху, цхьана низаман хорше дерзон т1еман командованин а, метттигерчу 1едалан а вовшийн барт а и болх цхьаьна д1абахьа лаам а оьшуш хиларх. Цунна дика хаьара и дерриге а кхочушдан республикехь бакъонца хаьржина 1едал оьшуш хилар а. Т1еэца йезаш йара Нохчийн Республикин Конституци, иштта кхоллайезаш йара пачхьалкъан институташ.

И дерриге а шена чулоцуш йолу референдум йара цкъа хьалха махкахь д1айахьа йезаш. Цу декъехь Ахьмад-Хьаьжас хьалхара лорура харжамаш д1абахьале цкъа адам меттадаийта дезаш хилар: т1ом чекх а баьлла, адамийн бакъонаш ларйан йезаш йара массо а аг1ор, иштта дуьне мел ду д1асабаьржина бахархой бара ц1аберзон безаш. Цул т1аьхьа бен референдум д1айахьар нийса ца хетара Ахьмад-Хьаьжина. Делахь а, дарже кхача сихбелла болчу вайн цхьацца политикаша бехке ван волийра Ахьмад-Хьаьжа, иза федеральни центре шена г1о а дойтуш, республикин куьйгалле ваха г1ерташ ву, бохуш. Амма референдум сихонца д1айахьа йезаш хиларан коьрта бахьана кхин дара: Нохчийчохь телхаш лаьтта хьал дара цунна бехке, алсамбевллера т1еман аг1ор болчара маьршачу нахана бен ницкъаш, иштта а хьере хилла лела адам кхин а т1е г1елдинера, цхьана а аг1ор ларйеш йацара стеган бакъонаш.

И дерриге а гуш дара Ахьмад-Хьаьжина. Цундела цо коьрта лорура вайн махкахь бакъонца хаьржина 1едал д1ах1отта дезаш хилар. Бакъдерг аьлча, кхин а атта некъ-м бара оцу г1уллакхан: Москваца федеративни барт а бина,  иза къобалбеш куьг йаздар. Махкахь долу хьал гуш-хууш волчу Ахьмад-Хьаьжас иза аьттехьа а ца дитира. Шен къоме хаттам беш референдум д1айахьар т1еч1аг1дира цо. Цунна хаьара и тайпа маь1не г1уллакх халкъера шена бакъо ца хилча, дича а нийса хир доцийла. Цу хьокъехь цуьнан дукха цхьаьнакхетарш хуьлура дешначу нахаца, йукъараллин векалшца, иштта йарташкара бахархошца а.

2002-чу шеран 11-чу декабрехь Гуьмсехь хиллачу Нохчийчоьнан къаьмнийн съездехь республикехь референдум д1айахьа йезаш хиларан хьокъехь Россин Президенте Путин Владимире болу Кхайкхам т1еийцира съездан дакъалацархоша. Оцу Кхайкхам т1ехь билгалдаькхинера Нохчийчохь йукъараллин-политически хьал мелла а меттах1оттан г1ерташ делахь а, иза тоьаш цахилар. Массо а аг1ор хила йеззачу кепара бакъонаш а йолуш Российски Федерацин дакъа хила деза Нохчийчоьнах. Цундела НР-н Коьрта Закон — Конституци т1еэца йезаш хиларан цхьа а шеко йацара. Иза дерриге а референдумехь къастон дезаш ду. Цул т1аьхьа бен кхоччуш болх бан долалойла дац меттитгерчу 1едалан, вуьшта пачхьалкхан кхийолчу институтийн а. Иштта лаам бара Ахьмад-Хьаьжин. Цунах кхеташ волчу В. Путина куьг йаздарца араделира №1401 йолу Указ — Нохчийчохь референдум д1айахьа бакъо луш долу. Цул сов, кхайкхам а бира Нохчийн къоме оцу референдумехь жигара дакъалацар доьхуш.

Массо маь11ера телеграммаш оьхура Ахьмад-Хьаьже Нохчийчохь д1ахьонйолу референдум къобалйеш хилар ч1аг1деш. Царна йукъахь йара дуьненайукъара правительствийн йоцу организацеш, иштта и мехала г1уллакх къобалдеш хаамаш бора 1арбийн мехкашкара куьйгалхоша, 1еламнаха а. Республикин массо а т1ег1анехь мало йоцуш д1аболийра референдумана кечамбар. Цхьа а шеко йоцуш, иза боккха политически толам бара: референдумо некъ гойтура кхин д1а муха йаха йеза Нохчийчоь. Наха шаьш хаьржина бакъдолу 1едал хилар, цул сов, Нохчийчоьнан шен Конституци т1еэцар — боккха кхиам бара. Вайн мохк маьршачу новкъа бала цалуучеран «букъ кагбар» а дара иза.

Вай лакхахь хьахийна ма-хиллара, 2026-чу шеран 23-чу августехь 75 шо кхочур дара Нохчийн Республикин Хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин. 2004-чу шеран 9-чу майхь, Сийлахь-боккхачу Толаман дийнахь цхьана х1ун йу а ца хуучу к1иллоша йоьллина фугас эккхийтарца, тешнабехкаца вийра иза шен тешаме накъостаца, НР-н Пачхьалкхан Советан Председатель хиллачу Исаев Хьусайнаца а, иштта цхьамог1а кхиболчу вайн махкахошца а цхьаьна. Тахана 22 шо ду Ахьмад-Хьаьжа вайца воцу (Дала г1азот къобалдойла цуьнан).

Иза коьртехь а волуш нохчийн къомо 2003-чу шеран 23-чу мартехь референдумехь т1еийцира Нохчийн Республикин Конституци. 79,63 % харжамхошна йукъахь республикин Коьрта Закон къобалдеш кхаж тесира 95,5 % харжамхоша. Дуьйцийла йоцуш, иза боккха толам бара нохчийн халкъан а, цуьнан баьчча волчу Ахьмад-Хьаьжин а вайн махкахь бакъдолу, мискачу нехан бала болу 1едал д1ах1отторехь.

Цул т1аьхьа, 2003-чу шеран 4-чу июлехь, араделира Россин Президента В. Путина куьг йаздарца «Нохчийн Республикехь хьалхара Президент харжаран харжамаш» аьлла №729 йолу Указ. Вайн республикерчу а, цул арахьа бехаш болчу нахера а дукха кхайкхамаш оьхура Ахьмад-Хьаьже Президентан харжамашна йукъавахар доьхуш. Кхузахь хьахо деза, Ахьмад-Хьаьжина федеральни центре аьрзнаш деш, иза харжамашна йукъавахарна резабоцурш а бара — цхьаболу дарже кхача г1ерташ болу «политикаш. Ахьмад-Хьаьжас башха тергал а ца бора и тайпа къамелаш деш берш. Цу хьокъехь цо дика элира:

«Иштта нисдели-кх ваххабисташца, экстремисташца, кхийолчу нахана бале йевллачу тобанашца а къийсам латторехь сан хьалхавалар. Тахана со харжамашна йукъа ца г1ахь, сайх а, вай арабаьккхинчу некъах а тешна болчу нахана боккха тешнабехк бу аса беш берг. Далла гуш йу-кх сан дог-ойла. Нагахь санна х1ара аса йуьхьарлаьцна некъ д1абахьа хьалхавала стаг велахь, цунна йуххе а х1оьттина д1аваха кийча ву со, тешаме накъост а хилла. Амма, вайна гуш ма-хиллара, и тайпа стаг воцуш ву. Даима а къинхьегаме а долуш, дукха зиэрех чекхдаьлла нохчийн къам. Дала мукъалахь, вайн махкахь кестта то а делла д1ах1уттур ду маьрша дахар. Иза дан вай кхиахь — коьрта 1алашо кхочушхилла ала йиш йу вайн».

Хан-замано гайти вайна Ахьмад-Хьаьжа бакъ хилар. Сел декъаза, г1ийла долу нохчийн къам хьере хилла хьаьвзича, Делаца ч1аг1о а йина, шен йукъ а йихкина цунна хьалхаваьлла д1ах1оьттира иза. Доггах шен къам дезар, цуьнгахь болу бала шен сих а, дагах а хьакхабелла хилар гайтира, кийрахь бусалба дог долчу Кадыров Ахьмад-Хьаьжас (Дала декъалвойла иза!).

Мел хьалхе д1аваха иза бакъдуьненчу, мел йоккхачу ханна байлахь диси вай дерриш а. Мел дукха цо кхочушдан лерина г1уллакхаш диси, мел гена кхийдина ойланаш д1айай. Амма Делан къинхетам боккха бу, цхьадика. Ахьмад-Хьаьжас дан мел леринарг кхочушдина а, кхочушдеш а схьавог1у тахана цуьнан тешаме накъост а, г1ортор а хилла лаьттина волу цуьнан к1ант, Нохчийн Республикин Куьйгалхо, Россин Турпалхо Кадыров Рамзан.

Бакъдуьненчу ша д1авоьрзуш шен к1анте: «Х1ара а делахь, иза а чекхдаккхалахь» бохуш, леррина весеташ дан кхиъна хир вац Ахьмад-Хьаьжа. Делахь а, и дерриг шега дас дийцича санна, 1аламат инзаре боккха болх бан а бина, тахана беш а ву вайн Мехк-Да Рамзан-хьаьжа. Вайн мохк кхиорехь, сурт санна хазбина иза д1ах1отторехь мел деш дерг гуш ду. И бакъдерг дац ала йиш йац таханлерчу дийнахь вайн махкахь вехаш волчу цхьана а стеган. Кхузаманан исторехь, массара а даре деш ма-хиллара, и тайпа болх оццул йоцачу хенахь цхьана а меттехь цхьана а паччахьо йа куьйгалхочо бина бац.

Мел хан-зама д1аэхарх шен дуьхьа дахар д1аделла волу Ахьмад-Хьаьжа цкъа а вицлур вац нохчийн къомана. Цуьнан ц1е нохчийн керлачу исторехь дашочу элпашца йазйина йу. Цундела ду вай дерриш а Ахьмад-Хьаьжин сийнна а, иштта вайн Мехк-Дега Кадыров Рамзане болчу лерамца а ваьш дол-долчохь халкъан а, мехкан а дуьхьа доггах къахьега дезаш. Иза вайн декхар ду аьлла хета тахана а, т1е мел йог1учу ханна а…

Эски Мохьмадан Мохьадди

About Post Author

Власть и политика