Хьаналчу а, беркатечу а къинхьегамо хаздо вайн дахар. Вайна Везачу АллахIа луш долу рицкъ мичахь хир ду а, ваьш иза муха лохур ду а ца хаьа вайна, амма оцу рицкъанна тIебоьду некъ цIена хила безий а, хьарамчу хIуманах ваьш лардала дезий а хаа деза вайна. ХIунда аьлча, бусалба нахана дихкина ду хьарам хIума, цунах эхартахь жоп дала хала хир ду.
Ша къинхьегам а хьанал хила беза, тIаккха каракхочу рицкъ а беркате хир ду. Вай вешан доьзал кхиабо беркатечу рицкъанца, берашна диканиг Iамадеш, вочух ларбеш. Уггар хьалха вайн халкъана йукъахь лело гIиллакхаш хьоьху вай царна, массо а хIума цаьрца доьзна долу дела.
Цхьаболчара олу, жимачуьнгара гIиллакх лело оьшучохь ледарло йаьлча: «ГIиллакхах хьаса бац цуьнгахь!» Ткъа иза мичара хир бу, «и хьаса, и гIиллакх», цунна Iамийна ца хилча, цуьнга леладайтина ца хилча, гIиллакх мичара хуур ду жимачунна? Шен доьзалхо массарна а ма веза дукха, цунна дерриг а диканиг хила а лаьа, иза массарел тоьлла хила а лаьа. Амма халонех иза ларвича, балхах, кертахь, арахь дечух кхоийча, шен доьзална а, уггар хьалха, шена а пайден хир вуй-те иза? Дера вац. Доьзалхо дечу гIуллакхах кхоор — иза талхор ду, цунах жуккар йар ду.
Иштта цунах лаьцна цхьа шира дийцар дало лаьара суна. Цхьана ден-ненан цхьаъ бен воцу кIант хилла. Кхин доьзалхо а воцуш, хьо-ме хилла церан иза. Нанас массо а хIуманах ларвеш, хазаниг бен тIе ца йухуьйтуш, мерзаниг бен ца йууьйтуш, качвина хилла иза. Да-м реза а ца хилла зудчо лелочунна. Эххар кIант воккхахилча, дас, иза шена тIе а кхайкхина, аьлла: «Хьажал, кIант, со хIинца воккха хилла, хьалхалера могашалла а йац соь-гахь, болх а ца бало. ХIинца, ара а ваьлла, рицкъ ца лехча вер вац хьо». КIанта нене дийцина дас шега аьлларг. Нанас кIанте сом делла (цу хенахь иза дуккха а ахча хилла), цIера а валий, цхьанхьа сарралц Iе, айхьа болх беш даьккхина аьлла, дега сом дIалур ду ахь». КIанта иштта дан а дина: сарралц ваьлла а лелла, цIа а веана, дега сом дIаделла цо. Дас товханахь йогучу цIерга кхоьссина сом: «Ахь, болх а бина, ца даьккхина хIара ахча!» — аьлла. КIант вист а ца хуьлуш дIавахана. ШолгIачу дийнахь а нанас, сом а делла, дIахьажийна иза. Хьалхарчу дийнахь санна, сарралц шен самукъадоллург а лелийна, цIа веана кIант. Нанас шега делла сом дега дIаделла цо. Иза цIерга кхоьссина дас: «Ахь даьккхина дац хIара!» — аьлла. КIант йуха а, вист хуьлуш, дIавахана. КхозлагIчу дийнахь нанас аьлла: «КIант, соьгахь кхин хьоьга дала сом дац, хIинца болх ца бича вер вац хьо». Дан хIума ца хилла, дIа а вахана, йолах болх а бина, ша даьккхина сом а дахьаш, дена хьалха хIоьттина кIант. Йуха а кIанта шега делла сом цIерга кхоьссина дас. «Ахь хIун до, дада? Иза ас мел хала даьккхина хаьий хьуна?» — аьлла, цIе дIа а хьаькхна, катоьхна сом схьаэцна кIанта. «Гой хьуна, мел деза ду ша даьккхинарг?! ХIинца со тийши хьуна, и ахча ахь, къа а хьоьгуш, даьккхина хиларх. Къинхьегаман мах хьуна хиъна дика ду. Айхьа дечун сий а деш, беркате вахалахь».
Иштта дика хьехар дина дас шен кIантана.
Къахьега Iемина стаг, халонаш тIехIиттича, воьхна, гIаддайна хьийзар вац. Цунна некъ карор бу уьш эшо, дан дезарг а хуур ду. Къинхьегамо ма во стагах стаг а, зудчух дика хIусамнана а.
Халкъалахь лоруш хилла жима волуш дуьйна къахье-га Iеминарг. Цунах муьлхха чолхе гIуллакх тешош а хилла, хIунда аьлча, нахана хууш хилла иза цо ледара дуьтур доцийла. Иштта шайн кIантана зуда лохучу хенахь уггар а хьалха тергоне оьцуш хилла и йоI гIуллакхна тIера йу йа йац.
Къинхьегамах, цуьнан мехаллах лаьцна дуккха а кицанаш ду вайн халкъан. Царех цхьадерш далор вай: «Аьхка хье ца кхихкича, Iай йай ца кхехка», «Дикачу Iуьнан жий шала бехкина», «Цхьана дийнахь айхьа дан дезарг ахь ца дахь, дийнна шарахь бала хьоьгур бу ахь», «Ша къа а хьоьгуш ца даьккхинарг атта хета», «Аьхкенан цхьана дийно Iаьнан дийнна бутт кхобу», иштта кхин а. Халкъо кхоьллина ду и хекъале а, шайна чохь доккха маьIна долу а кицанаш, цхьадерш дуккха а шерашкахь даьхна вайна йукъахь, вайна дахарехь дика масалш а хилла.
ХIинца телефонех лаьцна дуьйцур вай, оцу вайн заманан «унах», жимачух а, вокхачух а хьакхаделла а, цкъачунна дарба доцучу а цамгарх. Вай кхета, телефон чIогIа дика хIума йу, цуьнгахула дуккха а гIуллакхаш кхочушдало: цомгашчунна лор кхойкху, гергарчеран хьал-де хаа аьтто хуьлу, хабар-кост дIатохало, миччанхьа ахча дехьа-сехьа даккхало, гена ваха везаш хилча, некъана билет эцало — дуккха а ду-кх и дика хIуманаш телефонаца доьзна. Амма айпе хIуманаш а дац-кха цуьнца кIезиг. Уггар а доккха зие — телефона чу а хьоьжуш, эрна йойъу хан, цхьана а тайпана пайден доцчу эладитанашка хьоьжуш а, ладоьгIуш а. Хан йайъарал сов, зене долу хIуманаш а ма марзло цу чуьра. Къаьсттана кегийчарна. Царех цхьаболчарна психически цамгарш а кхета телефон бахьанехь, хIунда аьлча, церан кхетаме дахар цу чохь хуьлу, вайн дахарехь йолу уьйраш-марзонаш жимло церан. И ду халаниг. Иштта доьзалхо галвалийтинчу ден-ненан бу бехк, хIунда аьлча, шен хенахь телефонан унах бер цара лар ца дина.
Ишттачу берана гIиллакхаш муха Iамор ду, къинхьегам а муха безаболуьйтур бу, цунах шена а, нахана а пайден адам муха далур ду? Шен «дуьненахь» долчу цунна вай дуьйцург хезар дац. Иштта нисло вай бер тесна дитча, цуьнан дахар нийсачу новкъа ца даьккхича. Цхьаболчу къоначу наноша, жимачу берана кара телефон а лой, иза охьахаадо, цхьана меттехь Iийчхьана оцу телефонах Iеха а делла. Бер-м Iа сахьтехь, шина сахьтехь а, ша мацделлий а, хьагделлий а ца хууш. Иштта кхетош-кхиийначу берах хIун хир ду? ХIун хьекъал, кхетам хир бу цуьнгахь?
ТIаьхьарчу хенахь, соьга хаьттича, цхьа чIогIа айпе хIума даьржина вайна йукъахь. Лакхахь ма-аллара, жима бер телевизорна хьалха хаадо мультикашка хьажа йа кара телефон ло. Царна чохь буьйцург оьрсийн мотт бу, берана иза вуно сиха Iема. Иза бен бийца а ца буьйцу цо дега, нене, кхечаьрга а. Ткъа вуьш баккхийбеш хуьлу: «Хьовсийша, хIокхунна тхуначул шера оьрсийн мотт бийца хаьа!» Цунна муха ца Iема иза, кхин мотт наггахь долу дош алар бен цунна хезаш ца хилча? Ойла йой аша, хIун хир ду ишттачу доьзалхочух, ненан мотт а ца Iамош, иза воккха хилахь?
Бер кхио атта дац, цунна ненера, кхечаьргара терго оьшу, хаддаза къахьега деза цунах шен къоман оьзда а, гIиллакхе а, йахь йолуш а адам дан. Ишттий бен хуьлийла дац. Вайн бакъо йац жуккаршший, телефонан лайшший кхион!
А. МУСАЕВ

