Лаьмнашкара дахар хийцаделла дог1у

Лаьмнашкара дахар хийцаделла дог1у

Советан заманахь ламанца 1охкучу йарташкара бахархой даима а хилла даьхнилелорехь хьанал къахьоьгуш. Оцу декъашкахь б1аьрла кхиамаш а бохура цара.
Вайн республикана дукха рицкъа латтадора х1етахь оцу аграрни декъана чуйог1учу колхозийн даьхний дусторан комплексаша. Эзарнашкахь лелош дара бежнаш, иттаннаш эзарнашкахь — уьстаг1ий, кхидерг ца дийцича а, доккха Делан беркат дара иза вайн махкана. Базарашкахь, туьканашкахь хаддаза хуьлура лаьмнашкара сурсатийн рицкъа: жижиг, моз, хьелийн даьтта, нехча, к1алд, т1уо… Цундела олуш хилла-кх оцу декъехь болчу говзанчаша шайн статистически хаамашкахь: «Вайн лаьмнаша дийнна республика кхобура», — олий.
Амма х1етахь, х1ун дара а хаац, кхин тоделла д1адоьдуш-м дацара ламанхойн 1ер-дахар. Йацара уггар оьшуш йолу школаш, ФАПаш, больницаш, некъашца долу хьал а ледара дара, ткъа электросерло-м йийца оьшуш йацара. Кхин ламанцара йарташна пайда ца хуьлуш, уьш ден ца луш, бух боцчу бердах чукхоьссича санна довш дара и рицкъа. Цуьнан бахьана, схьахетарехь, коьртачу декъана лакхарчу 1едалан, шайн “т1оьрмиг” буьз-чахьана, ламанхошца бала цахилар дара. Шайн хьадалчаш хьала а хоьций, шаьш наггахь бен ца бог1ура йа баьхкича а нехан бала а ца хуьлура, сакъерар, сада1ар бен. Вог1уш верг шена т1аьхьа теттина хьаькмийн, милцойн арданг а оьций вог1ура, шайна гонах нах хьийзаш дозалла а деш…
Ши-кхо бежана а, иттех уьс-таг1 а лелош верг хьолада ву, иза вохон веза, бохуш къамелаш а хезара гонаха дуьйцуш. Ламанхой боха а дера бира, цкъа бина ца 1аш, мосуьйттазза. Цара хала хьалайина лаппаг1наш бульдозаршца д1а шарйеш, йагош, даьхний д1а а дохуш.
Бала хьегна бохург-м дийца оьшуш дацара. Ойла йойтург кхин ду: сел ч1ог1а 1едало шайна иштта ницкъ бешшехь, мел хало шайгахь хиллехь а, оцу лаьмнех къаста цабалар х1ун хилла техьа церан? Дера хилла дай баьхначу лаьтте болу безам ч1ог1а хилар (Дала и безам ч1аг1бойла вайн массеран а!).
И дерриг хилла а, лелла а, дайша 1аьвшина а ду. Ткъа тахана муха бу техьа вайн коьртачу 1едалан ламанхошка болу хьежам, х1етахьлерачул кхин хийца деллий техьа ламанцара дахар? Тахана х1ун боху техьа ламанхоша? Иштта сайн коьрте йаьхкинчу ойланашца доло луур дара суна х1ара дийцар.
Хийцамаш хиллий бохург дан а дац, дера хилла, бахархойн вайн 1едале болу хьежам нийсса б1останехьа карчош. Оцу вай лакхахь йийцинчу заманахь хиллачу 1едале иттанаш шерашкахь ца даделларг беттанашкахь а деш дукха дика г1уллакхаш дина, деш а ду тахана. Луур дара хьахон церан беркате йуьхьиг ламанца д1а муха йолайелира.
2002-г1а шо. Т1еман г1ар-тата мелла а д1атийнера республикехь. Йохийна 1охкура вайн г1аланаш, йарташ. Уьш меттах1итторехь оьшура 1аламат боккха ницкъ. Ваха-ван а кхин маьрша а дацара, стенга-мича буьгу а ца хууш д1акхуьйлуш, т1епаза бовш кегийнах а бара…
Оцу халачу хенахь аравелира Кадыров Ахьмад-Хьаьжа (Дала г1азот къобалдойла цуьнан) нахе махкахь долчу хьолах бакъдерг дуьйцуш. Хаддаза бахархошца хуьлучу цхьаьнакхетаршкахь цо йовзуьйтура шен дог-ойла, ша дан леринарг.
«Со т1ом сацо г1ерташ вац, иза гуттаренна а вайн махкара д1абаккха г1ерташ ву. Нохчийн къам маьрша а долуш, лулара къаьмнаш хьега а хьоьгуш даха хуур ду. Делан пурбанца, и йу сан коьрта 1алашо, иза кхочушйан аса сайн са а кхоор дац, Дала мукъалахь», — олура цо шен къамелехь. Цхьаццаберш х1етахь башха теша а ца тешара цо дуьйцучух. Амма теша-м дийзира. Ша б1аьрзе воцчунна гуш ду-кх тахана вайн республикан йуьхь-сибат, дерриг дуьне цец а доккхуш, хийцаделла хилар.
Цуьнан бахьана цхьаъ дара — сел декъаза долу нохчийн г1ийла къам хьере хилла хьаьвзича, Делаца ч1аг1о а йина, шен йукъ а йихкина цунна хьалхавала доьналла долуш стаг хилар. Иза вара доггах шен къам дезаш, цуьнгахь болу бала шен сих а, дагах а хьакхабелла, кийрахь бусалба дог долу Кадыровг1еран Ахьмад-Хьаьжа (Дала декъалвойла иза!).
Х1инца т1аьхьа-м массара а говза мах хадабо цо динчу а, дан лерина хиллачу а мехалчу г1уллакхийн. Х1етахь, халчу хенахь, бакъдерг дийцича, к1езиг бара цунна йуххехь тешаме накъостий. Ца теша хир бар-кха уьш, цуьнга цхьаъ далур ду аьлча. Т1ейеанарг 1аламат чолхе, кхераме зама хилар гуш дара. Кхерам массо аг1ор т1ете1аш бара, къаьсттина цунна а, цуьнан гергарчарна а. Машар ца безаш, йамартло шайца йолуш, цхьа к1илло х1умалгаш йара иштта а бала т1ех1оьттина хьийзачу нахана кхин т1е а сингаттам баккха арайевлла хьийзаш.
Амма халкъе шен болу безам боккха хиларна йухацавелира доьналлех вуьзна волу майра к1ант Ахьмад-Хьаьжа. Иза тешара Дала бакъо толориг хиларх. Цунах тийшира нохчийн къам а. Амма нохчийн ц1ий шайн дег1аца доцчу, боьхачу йовссарша, йоккха йамартло а йина, вайх къастийра Ахьмад-Хьаьжа. Мел хан-зама д1аэхарх шен дуьхьа дахар д1аделла волу йахь йолу къонаха цкъа а вицлур вац нохчийн къомана. Цуьнан ц1е нохчийн керлачу исторехь дашочу элпашца йазйина хир йу.
Шен ден весеташ кхочушдан йукъ а йихкина аравелира, даима а цунна йуххехь хилла волу, сийдолу к1ант Рамзан. Олуш ду-кха: «Шен дена во1 хилла воцчух, махкана к1ант хир ма вац». Рамзан хила ма-веззара шен ден во1 вара, цуьнан муьлхха а лаам кхочушбан кийча а волуш. Ткъа Ахьмад-Хьаьжин лаам а, 1алашо а цхьаъ йара, вай лакхахь ма-аллара: нохчийн къам парг1атдаккхар, иза маьршачу дахарна, къин-хьегамна т1едерзор.
2002-чу шеран май беттан уьссалг1ачу дийнахь, цхьанна а дагахь а доцуш, Итон-Кхаьлла кхечира Ахьмад-Хьаьжа, шеца цхьаьна х1етахь хиллачу НР-н Правительствон Председатель Станислав Ильясов, Нохчийчуьра йерриг т1еман группировкин командующи волу инарла Александр Баранов, иштта кхиберш а болуш. Оцу халчу хенахь (йеш «зачисткаш», д1акхуьйлуш нах а болуш) шаьш дага а даьхкина, кхуза 1едалах стаг кхочур ву аьлча тешаш бацара ламанхой. Амма кхача-м кхечира. Дукха адам дацара х1етахь лаьмнашкахь дехаш-1аш — т1амах шайн доьзалш к1елхьарбаха д1асабаьржинера дуьне мел ду. Цигахь бухахь хиллачарна Ахьмад—Хьаьжас динчу къамело церан хьере хиллачу дегнаш чу йовхо йиллира, тешийра кхане маьрша йог1ург хиларх.
Лахенгахь, г1алахь, шен дуккха а даккхийра г1уллакхаш доллушехь, уьш 1адда а дитина, шаьш лерина иза лаьмнашка вар деза хетара ламанхошна. Шен дог-ойла царна йовзийтинчул т1аьхьа Ахьмад-Хьаьжас лерина ладуьйг1ира церан лазамашка, дош а делира г1о-накъосталла дийр ду аьлла. Ша царна х1етахь делла дош цо лардар вай тахана массо а теш а ву.
Оццу шарахь Шуьйта а кхечира Ахьмад-Хьаьжа. Кхузахь а боккха кхаъ хиллера меттигерчу бахархошна сел ч1ог1а шайца ларам хиларна. Цу цхьаьнакхетарехь хиллачара дуьйцура Ахьмад-Хьаьжас воккхаверца деш хилла къамел:
— Ша йалсамане санна исбаьхьа хаза мохк белла вайна Дала. Вайн дайн истори кхузара д1айолалуш ма йу. Дала а могуьйтур дац вайна х1ара сийлахь лаьмнаш, кура б1аьвнаш, шийла шовданаш дола а ца деш латтийтар. Дала мукъалахь, аса дош ло шуна кху лаьмнашкахь кестта электросерло а, газ а кхочург йу аьлла. Дукха хан йалале вайн лаьмнех цецбуьйлуш, хьегар бу нах.
Вайна ма-хаъара, йерриге а республика йара шина т1еман к1уьрлара йала г1ерташ. Гуш йара йохийна, йагийна г1аланаш, йарташ. Ламанцара к1отарш а ца йевлира оцу бохамах к1елхьара, йерзаза йара церан чевнаш а. Бевддий, баьржиний, ц1аберза йиш йоцуш дукха нохчийн доьзалш бара генна республикал арахьа. Иштта хьере хилла хьийзачу адамашна ч1ог1а оьшура шайн дог хьаста стаг. Иза царна хила а хилира — иза вара Кадыров Ахьмад-Хьаьжа.
Мел къаьхьа делахь а, цо даима а бакъдерг дуьйцура нахе. Цундела адам цунах теша а тийшира, шен кхоллам уггар хьалха Деле, шолг1а цуьнан кара а белира нохчийн къомо. Цо шен дош кхочуш а дира: меттах1итто йолийра школаш, больницаш, кхийолу объекташ, керла бирг1анаш а йохкуш, хиш дара чудалош… Цу т1ехула т1е нахана массанхьа луш пенсеш, берийн пособеш дара, белхан меттигаш йолчохь — алапаш.
Делахь а, кхоччуш вайн бахархошна парг1атбовла оьшург дукха дара. И дара Ахьмад-Хьаьжас цаьрга шен цхьанакхетаршкахь дуьйцуш дерг. Уггар хьалха оьшуш бара вовшех болу тешам, барт, цхьаалла…
Амма ша йуьхьарлаьцна некъ чекхбаккха ца витира иза бийца дай боцчу цхьана боьхачу х1умнаша. Цара 2004-чу шеран 9-чу майхь Соьлжа-Г1аларчу «Динамо» стадионехь Толаман Де даздечу дийнахь йамарта эккхийтар а дина, декъалхилира нохчийн къоман йахь йолу к1ант Ахьмад-Хьаьжа, цуьнца цхьаьна кху лаьмнашкара схьаваьлла волу цуьнан йуххера тешаме накъост Исаевг1еран Хьуьсен а. Дала декъалбойла уьш!
Йуха а хьере хилла хьаьв-зира дерриг къам: «Х1инца х1ун хила доллу техьа? Цуьнан метта д1ах1отта и санна вайх дог лозуш стаг хир вуй техьа?» — бохуш. Амма шен сийлахьчу ден метта д1ах1отта к1ант велира Нохчийчохь — Кадыров Рамзан. Цо дуьххьара дуьйна д1агайтира массарна а, шен ден весеташ кхочушдан мел ч1ог1а лаам бу шегахь. Цо мел динчух, дан леринчух тахана вайх х1ора нохчочунна эца масал ду.
2006-г1а шеран б1аьсте. Рамзана т1едилларца дуьххьара лома кхечира Делимханов Адам коьртехь волу нефтеполк. Оцу полкана т1едиллинера ламанан кхаа районехь — Шуьйтахь, Шарахь, Итон-Кхаьллахь долу хьал таллар: 1едалан белхахоша бен болх бахархойн хьашташна т1еберзош, муьлххачу а г1уллакха т1ехь царна накъосталла дар. Цу кхаа ламанан районехь йацара мегарг берашна деша школаш, цамгар хьакхайелларг т1еэца больницаш, ламазана корта тоха маьждигаш… Шара районехь-м ур-атталла электросерло а йацара, кхидерг ца дийцича а. Дика дагадог1у х1етахь Делимханов Адама а, цуьнан кхуза хьалабаьх-кина хиллачу накъосташа а йуьртара йуьрта а оьхуш нахаца деш хилла къамелаш. «Тхо шуна г1о-накъосталла де аьлла дахкийтина ду кху лаьмнашка Кадыров Рамзана. Бийца шайгахь болу лазамаш, баланаш, оха иза ма-дарра цунна т1ехьур ду, цо шуна оьшу г1о а дийр ду”,- бохура цара.
Царна вуно дика девзира кхузара хьал. Дуьххьара Шуьйтахь хийцамаш д1абуьйлабелира кхуза воьдуш-вог1уш волчо тахана молуш долу шовда тодарца. Керла дан долийра кхаа районехь маьждигаш, цаьрца цхьаьна хьуьжарш, иштта школаш, больницаш…
Итон-Кхаьллара дуьйна Шара районе альпийски тархийн басешкахула кхузткъа километр сов (йарташка а т1ехь) йига йолийра электросерлонан лини. Дагадог1у советан заманахь Шарарчу Кеха-йуьртара бахархоша (уьш берриш суьйлий бу) Москоха кехат йаздина бохуш: шаьш а ма дара советски адамаш, шайна а ма оьшура «Ильичан лампа». Делахь а, электросерло кхочуш-м йацара лома.
Иштта Итон-Кхаьллара баккхийчара дуьйцура, Хьачара барх1 километр свет пхийтта шарахь йигира советан заманахь, бохуш. Ойла йе шайна, Шара кхузткъа километр сов болчу некъаца шина баттахь йигира электросерло. Иштта шен ден лаам кхочушбеш исторехь цкъа а хилла йоцу электросерло кхачийра лома Рамзана. Х1инца а цигара бахархой баркаллаш баьхна а ца бовлу цунна. Оццу 2006-чу шарахь Шуьйтахь меттах1отто йолийра кхаа районна лерина йолу больница. Цу хенахь и мукъа ца йоккхуш, цунах шайн х1усам а йина 1аш бара комендатурера салтий. Ламанца шен инспекционни гуо баккха веанчу вайн къоначу куьйгалхочо Кадыров Рамзана ши-кхо де хан йелира царна больница мукъайаккха. Цара иза, шаьш реза ца хиллехь а, кхин дийцаре ца деш, мукъа а йаьккхира. Иштта шина-кхаа баттахь сурт санна хаза йина д1ах1оттийра керла больница. Цхьамог1а кхаа районехь меттах1иттош йара кхийолу социальни декъехула йолу объекташ а. Цул т1аьхьа дукха хье ца луш йалийра Шуьйта газ а, дехкира асфальтан некъаш. Тахана Итон-Кхаьлла а, Шара а доьлхуш ду иштта асфальтан некъаш, йигна газ.
Наггахь йурт хир йац оцу кхаа районехь Кадыров Рамзанан ц1арах дика г1уллакх даза йа цуьнгара г1о кхачаза. Иза бац т1аккха боккха Делан къинхетам! Иза дац ткъа Ахьмад-Хьаьжас ламанхошна делла дош кхочушдар! Иза дац ткъа мискачун, г1ийлачун г1о-накъосталла лоцуш, ламанхойн лазамаш шен леринчу тидаме а эцна, уьш кхочушбан ницкъ а ца кхоош схьавог1уш Ахьмад-Хьаьжин во1 Рамзан хилар!
Тахана вайн майрра, дозаллица ала йиш йу: вайн Мехк-Да Кадыров Рамзан вуьззина нохчийн къоман к1ант ву! Шен оьзда леларца, бусалба дин ларарца, дайн г1иллакхийн сий дарца, кхечаьрга уьш лардайтарца, хьанал, к1ад ца луш къахьегарца хаийти цо вайна массарна а муха хила веза дикчу ден дика к1ант. Шен оьздачу масаллица Ахьмад-Хьаьжас вайна гайтира муха ваха веза, иэшахь муха вала веза а шен къоман дуьхьа.
Дала нохчийн къоман цунах болу тешам ма бойла цкъа а! Дала диканца бекхам бойла цунна! Дала вовшех дашар а, дезар а лойла вайна!
ЭСКИЕВ М.

About Post Author

Общество