Саг1а даькхира,  мовлидаш а йийшира

Саг1а даькхира, мовлидаш а йийшира

10-чу майхь — Иэсан а, Халахетаран а де билгалдаьккхира вайн республикехь массанхьа а санна Шуьйтан к1оштан коьрта маьждигехь а, иштта йарташкара маьждигашкахь а саг1а а доккхуш, мовлидаш йоьшуш.
Акаев Руслан коьртехь волчу к1оштан администрацин куьйгалло д1адолорца НР-н Хьалхара Президент Кадыров Ахьмад-Хьаьжа (Дала г1азот къобалдойла цуьнан) дага а лоцуш, цуьнан синна хьажийна буо-берашна а, г1ийла-миска бохкучарна а хьалха а луш д1аделира буьйда саг1а, иштта т1оьрмигашкахь сурсатийн саг1а а. Йешна мовлидаш а, даьккхина саг1а а Ахмад-Хьаьжин синна кхочуш Дала къобалдойла! Дала иманехь совдохийла вай!
Тхан хаам

About Post Author

Общество