Стагехь шегахь г1иллакх делахь, цо иза чохь-арахь а, бевза-безачаьрца а — массаьрца цхьатерра лелор ду. Ткъа нахаца а, аренца а, г1аш йа машенахь вог1уш а лело дезачу г1иллакхийн ша-тайпа билгалонаш йу.
Карарчу хенахь машенахь лелаш х1ора стаг ву ала мегар ду. Г1алин некъашца хьо ваха-ван воьлча, сихонца лелачу тайп-тайпанчу машенаша, олуш ма-хиллара, б1аьрг бузу. Механа йеза а, иштта йораха а — массо тайпана машенаш хаало вайн некъашкахь лелаш. Амма коьртаниг цхьаъ ду: стагехь уггар хьалха г1иллакх хила деза. Йезачу машенахь лелаш хиларх, стаге ларам ца кхоллало йа иза шен нийсархойл лакхара а ца хета. Шен оьздангалле хьаьжжина хадош бу муьллхачу а стеган мах. Доцца аьлча, машенашкахь лелачара лардан дезарш некъан г1иллакхаш ду.
Ша нийса лело хуучунна дика накъост лара мегар ду машен, ткъа хьала а латийна д1ахахка бен ца хуучунна доккха зулам а ду иза. «Сихалло са диъна, собаро лам баьккхина», — олуш ду дайн кица. Иза эрна аьлла дац. Новкъа ваха араваьллачу стагехь сихалла дика йац. Йа цунах пайда баьлла меттиг а бац стеган дахарехь. Дала а боху вайга, ша собар долчуьнгахь ву.
Кху т1аьхьарчу хенахь, халахеташ делахь а, новкъахь х1аллакьхуьлуш дукха адамаш ду. Царна юкъахь кегий бераш, иштта зударий а бу. Дог 1ийжа цхьаннан некъа хьовзам а баьлла, валар хилла аьлла, схьахезча. «Сиха дахана хи х1ордах ца кхетта», — олуш ду вайнехан. Цу кеппара сиха вахана стаг ша кхача араваьллачу меттиге ца кхиарх бан тамаша бац. Халахеташ дерг, и хьекъал доцу стаг бахьана долуш адамаш лазор йа церан х1аллакьхилар ду.
Иштта г1алин урамашкахь, некъашкахь а сиха йог1учу машенна к1ел дахана леш я заь1ап дуьсуш дукха кегий бераш а ду. Дала лардойла вай массо а вуочу х1умнах! Амма иза вайн дахарехь гуш долу сурт ду. Сиха лела муьлхха а водитель хьалха-т1аьхьа а цу т1е кхача г1ерташ санна лела. Ткъа мича даха деза цу х1инца дуьне довза доладеллачу жимчу маликан къа?!.. Иштта къа шен са т1ехь лаьтташ кхид1а а дуьненахь муха д1алелар ву бехке волу стаг?
Машенахь лелаш волчу стагехь оьздангалла хила йезаро билгалдоккху, иза ша г1аш лелаш волуш санна, шел воккхачуьнца ларам болуш, уггар коьртаниг — собар долуш, сема а, иштта кхетам ира болуш, дайн г1иллакхаш девзаш, дезаш, лело хууш хила везар.
Дерзош ала лаьа, г1иллакх лелоро юьхь1аьржа х1оттийна стаг вац. Ша ц1ена нохчо велахь, шен къоман г1иллакхаш лоруш, ламасташ девзаш, иштта вайнехан синкхетам а болуш, уьш дерриге а лардеш схьаван веза стаг. «Г1иллакхо лайх эла вина» — бохучу нохчийн кицанехь доккха маь1на ду. Иштта вайн массо а нохчех эланаш хуьлийла, дайн г1иллакх-оьздангалла хиларца, эхь-иман лардарца дерриге дуьненахь г1арабевлла буьйцуш! Дала ма иэшабойла вайна ц1ена нохчий ала хьакъдолу нах! Дала иманехь нисдойла вай!