Нохчийн Республикехь т1аьхьарчу хенахь шуьйра билгалдоккхуш ду 10-г1а май — Иэсан а, Халахетаран а де. Сийлахь-Бокха Даймехкан т1ом чекх а балале, 1944-чу шеран 23-чу февралехь хьалха гина а, хезна а йоцчу къизаллица шен Даймахкара ара а даьккхина, Казахстане, Киргизе, Сибреха а д1адигира дийнна къам. Оцу сингаттамечу новкъахь а, д1акхаьчча цигахь а х1аллакьхилира эзарнаш вайн махкахой. Амма нохчийн халкъ х1аллак ца хуьлуш дисира доьналла, хьекъал, собар шегахь хилар бахьана долуш.
1957-чу шеран январехь арадаьллачу Лакхарчу Советан Указаца шен Даймахка ц1аберза бакъо йелира вайнахана. Ц1абирзинарш д1абигинчарел дуккха а к1езиг бара. Дуккха а бисира цигахь кхалхар хилла, д1абоьхкина а, бохказа а.
Цул т1аьхьа а мел т1ех1иттира вайн халкъана и тайпа хала киртигаш. Тоьур дара вайн махкахь хилла къиза ши т1ом а. Йохийна, йагийна г1аланаш, ярташ, т1епаза байна нах, доьзалш кхаба ца хилла таро — иштта хьал дара 2000-чу шарахь Нохчийн Республикан коьрте Кадыров Ахьмад-Хьаьжа х1уттуш. Цул т1аьхьа жим-жимма толуш, маьршачу хорше доьрзуш схьадеара вайн дахар. Ша болийна беркате некъ чекхбаккха ца витира Ахьмад-Хьаьжа халкъан мостаг1аша. 2004-чу шеран 9-чу майхь «Динамо» стадионехь инзаре эккхийтар а дина кхалхар хилира къоман баьччан. Амма халкъан иэсехь, нехан дегнашкахь даима ваха вуьсур ву Нохчийн Республикан Хьалхара Президент Кадыров Ахьмад-Хьаьжа (Дала декъалвойла иза!).
Шен дас долийна беркате г1уллакх кхиамца д1акхоьхьуш ву тахана Нохчийн Республикан Куьйгалхо Кадыров Рамзан. Цхьа а шеко яц цо и некъ кхиамца чекхбоккхург хиларх. Дала аьтто бойла цуьнан оцу дезачу, жоьпаллечу г1уллакха т1ехь.
Ахьмад-Хьаьжа а, иштта эзарнаш цу некъа т1ехь декъалхилла болу вайн к1ентий а дага а лоцуш мовлидаш а йоьшуш, саг1а а доккхуш д1ад1аьхьира 10-г1а май вайн республикехь. И дан а ду вайн массеран а иэсан а, халахетаран а деза де.
И де т1екхочуш Нохчийн Республикан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана т1едилларца, д1адаханчу шерашкахь санна саг1анаш ду кхушарахь а вайн мехкан нана Аймани Несиевна куьйгаллехь йолчу Ахьмад-Хьаьжин ц1арахчу фондо дохуш. Уьш массанхьа а санна кхочу Шуьйта к1оштара шайн декхарш кхочушдеш кхалхар хиллачу бакъонашларйаран структурийн а, 1едалан белхалойн а, имамийн а доьзалшна а, заь1апхошна а, г1ийла-миска бохкучарна а.
Дала саг1а дойла вайн паччахьан оцу меле г1уллакхана мел хьажийнарг! Дала декъалбойла Даймехкан а, халкъан а парг1ато, сирла кхане хилийтаран новкъахь шайн дахар д1аделла болу вайн махкахой! Дала аьтто бойла вайн массеран а цара шайн синош ца кхоош къийсамехь баьккхинчу кху нийсачу новкъа д1адаха!
“Ламанан аз”
газетан редколлеги