Ишттанехь хуьлуш цхьа х1уммаъ дац

Ишттанехь хуьлуш цхьа х1уммаъ дац

7-чу июнехь Шуьйтан к1оштан администрацехь д1айехьира, планаца нийса а йог1уш, рог1ера кхеташо. Повестки т1ехь дийцаре дан лерина дара цхьамог1а хаттарш: Шуьйтан к1оштара йукъара-политикин а, социальни-экономически а хьал (йуьртадайн барта докладаш); НР-н Куьйгалхочун, Правительствон Председателан а, НР-н Куьйгалхочун, Правительствон Администрацин а, иштта Шуьйтан к1оштан администрацин куьйгалхочун а протокольни т1едахкарш кхочушдар (доклад йеш к1оштан куьйгалхочун 1-ра заместитель Басханов М.); Шуьйтан к1оштан больницо отчетан муьрехь бина болх (доклад йеш — коьрта лор Аддаев Р.); Улус-Керт йуьртан администрацис бина болх бийцаре бар (йуьртаден А. Гехаевн доклад); Шуьйтара некъийн предприятис (ГУДЭП) отчетан муьрехь бина болх (доклад йеш — директор Яхьяев А.); иштта кхидерш а.
К1оштан куьйгалхочо Акаев Руслана д1ахьош йолу кхеташо йолайелира йарташкахь долчу хьолах лаьцна йуьртадайша барта йинчу докладашца. Цара бинчу хаамца хиира йукъара-политикин хьал сагатдан х1ума доцуш дика хилар.
Протокольни т1едахкарш кхочушдарехь хиллачу шен докладехь Басханов Муслима бовзийтира цу хьокъехь бина а, бан лерина а болу болх. Коьрта меттиг кхузахь д1алецира организацеша а, иштта долахь х1усамаша а йагоригах (газах, тоьках) йинчу хоржах ахча схьагулдарх лаьцна. Къамелехь билгалбевлира шаьш йагочу газах, тоьках даллане а ахча ца луш берш а. Цаьрца, йагориган службийн куьйгалхоша дийцарехь, беш болх бу, кехатца бина барт ч1аг1 а беш. Цара иштта довзийтира ахча схьадала резавоцчун ц1енна т1ейог1у газ, ток д1ахадош болх шаьш д1аболийна хилар. Цу декъехь шен вистхиларехь Акаев Руслана хаийтира оцу г1уллакх т1ехь мелла а лерина хила дезаш хилар.
— Вай цхьанна а х1уьттаренний, гамонний лелош х1ума дац. Ишттанехь хуьлуш х1уммаъ дац. Мехаза луш цхьа а х1ума гиний вайна? Кхидерг-м дуьйцур а дацара, ур-аттала, вайна заправкехь бензин а ца дутту машен чу ахча д1а ца делча. Иштта оьцуш ма йу вай и газ а, ток а. Вай ца боху, г1ийла-мискачунна цу декъехь ницкъ бе, нагахь стаг цхьана бахьаненна таро йоцуш велахь, цхьа а къамел дац, вай г1о дийр ду, х1инццалц дан а дина. Хаза, к1еда-мерза олуш, д1акхетош болх бан беза нахаца, царна ма-йарра вайн 1алашо йовзуьйтуш,- элира Р. Акаевс.
К1оштан больницо бинчу а бан леринчу балхах лаьцна доклад йира коьрта лоьро Р. Аддаевс. Цо дийцарехь, больницан массо а отделенехь, иштта поликлиникехь а лазархошна дарба лелон оьшуш долу молха а, кхиболу г1ирс а болуш бу. Цул сов, шен-шен цамгарна оьшуш болу лоьраш-говзанчаш а бу. Цо бинчу хаамца, больницехь 56 лор ву, царех 15 лакхара категори йолуш ву, хьалхара категори йолуш — 3. Юкъара лоьрийн персонал — 85 стаг, царех лакхара категори йолуш — 32, хьалхара категори йолуш — 5 стаг. Нахана дарбанца оьшуш долу г1о-накъосталла дан больницана йелла 12 д1асалела ФАПаш, 2 флюрографи, 1 мамограф а йу, иштта эцна оьшуш болу кхин г1ирс а. К1оштан бахархойн могашалла 1алашйарехь кхид1а а мел оьшург вовшахтоха 1алашо йу больницан куьйгаллин.
Гулбеллачеран йиш хилира иштта ладог1а Улус-Кертан администрацин юьртадас шаьш бинчу балхах лаьцна йинчу докладе. Цо дийцарехь, йуьртахь 1аш 801 стаг ву, царех боьршанах — 398, зударий — 403. Ч1аг1йина т1еэцначу графикаца д1ахьош бу администрацехь цхьамог1а белхаш: бахархойн кхайкхамаш кхочушбар, оьшуш йолу справкеш йалар, шен рог1ехь йуьртахошца кхочушдан дезачу хьолах лаьцна, иштта кхиболу йуьртан лазамаш билгалбохуш гулам д1абахьар. Боккха тидам т1ебохуьйту А. Гехаев коьртех волчу йуьртан администрацис НР-н Куьйгалхочун, Правительствон, к1оштан администрацин т1едахкарш шен хеннахь кхочушдарна. Ала деза, к1оштан а, республикин а т1ег1анехь хуьлуш долчу цхьаьнакхетаршкахь, иштта белхолашкахь а жигара дакъалоцу улускертахоша. Улус-Кертан администрацис бина болх къобалбеш т1еийцира кхеташоно.
Шуьйтара некъийн предприятис (ГУДЭП) отчетан муьрехь бина болх бовзийтира ша йинчу докладехь директора Яхьяев Амруддис. Цо бинчу хаамца тойина, ч1аг1йина б1еннаш кубометаршкахь некъан йистош, д1акъевлина некъашца девлла оьрнаш, хийцина оьшучохь некъан хьаьркаш, х1иттийна некъаца хааман билгалонан г1алкхаш, кир-басар дина некъаца долчу б1ог1амашна, парапеташна… А. Яхьяевс дийцарехь, церан коьртачу тергонехь ду йарташкара некъаш. Уьш даима а ц1андеш, къепе латтор шайн коьрта декхар хета цунна. Цхьадика, цу белхашна оьшуш йолу техника а йолуш йу. Доклад дийцаре йеш, Р. Акаевс билгалдаьккхира карарчу хенахь сиха дог1у дог1анаш бахьана долуш ламанан баххьашкара а, басешкара а чуоьхучу токхамаша а, 1овраша а вайн ярташкара некъаш талхош хилар. Цо ГУДЭПан хьаькамна т1едиллира и г1уллакх шен лерринчу тидамехь латтор.
Кхеташонан декъашхоша деллачу кхидолчу хаттаршна жоьпаш а луш йерзийра рог1ера кхеташо.

About Post Author

Общество