Декъалдо шу, шотой, Нохчийн меттан денца!

Декъалдо шу, шотой, Нохчийн меттан денца!

Лараме Шуьтан к1оштан бахархой! Даггара декъалдо шу вайн махкахь уггаре а маь1нечу, сирлачу денойх цхьаъ хилла д1ах1оьттинчу Нохчийн меттан денца!
Нохчийн Республикан Куьй- галхочо Кадыров Рамзана шен указаца билгалдина ду 25 -г1а апрель вайн ненан меттан де ду аьлла. Ларамаза а дац и указ арадаккхар. Ненан мотт вай бийцар а, цунах оьшшучу барамехь пайдаэцар а хаъал лахделла дог1уш долун дела. И указ арадаккхарца нохчийн мотт шена безийла а, вай массо а и ларбан а, кхио а декхарийлахь хетар хаийтира вайна республикан Куьйгалхо- чо. Нохчийн къоман мехалчу денойх коьртачарех цхьаъ ду
— Нохчийн меттан де. Маттаца доьзна ду хьалкъан дерриге дахар: уьйраш, сий, йахь, гергарло, кхетам. Цундела ду иза вайна массарна а деза аа, хьоме а. И дерриге а хууш вол- чу НР-н Хьалхарчу Президента, России Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас (Дала г1азот къобалдойла цуьнан!) боккха тидам т1ебохуьйтура вайн мотт 1алашбарна, иза кхиорна. Цо йуьхьарлаьцна сийлахь некъ д1ахьош ву тахана цуьнан к1ант
— лараме Рамзан.
Суна цкъа уггар хьалха луур дара сайн ц1арах а, иштта ламанан к1оштара массо а бахархойн ц1арах а даггара декъалван Нохчийн меттан денца вайн лараме Мехкан- Да Ахьмад-Хьаьжин Рамзан.
Шен ницкъ кхочург деш схьавог1у иза вайн ненан мотт денбарехь, 1алашбаре- хь. Дала вайна иза дукха а вахавойла!
Вайх х1орамма а 1алашбан,
ларбан беза вешан нохчийн мотт. Кийрахь нохчийн дог долчу муьлххачу а стага шех къасталур доцу декхар лара деза иза. Вай а ца бийцича, безаш ца лелийча, хьенан бала хир бу вайн маттаца? «Мотт мел беха — деха къам» — олуш ду вай дайш- кахь дуьйна. Иза 1алаш ца бахь, вайн кхане бодане хир йу. Къоман мотт бу вайна г1 иллакх-оьздангаллийца, махкана пайден болуш, къо- нахий кхиош берг.
Тахана доккха жоьпалла ду вайна т1ехь т1екхуьу къона чкъор оьзда, хьекъале кхи- орехь, уьш кхана вайн метта д1ах1итта безаш болун дела.
Вайн мотт — вайн дахаран куьзга ду. Цундела вайн дахар санна толуш, хазлуш схьабог1ур бу вайн мотт а, Дала мукъалахь!
Вешан болчу ницкъашца и хан т1екхачийта а хьовсур ду-кха вай. Даима а бехий- ла вайна сийлахь Нохчийн мотт! Даггара вешан ненан мотт безарехь совдохийла вай Дала!
Декъалдо шу йуха а Нохчийн меттан денца, лараме шотой!

АКАЕВ РУСЛАН, Шуьйтан к1оштан администрации куьйгалхо

About Post Author

Общество