Ненан маттах хастаме дош олуш

Ненан маттах хастаме дош олуш

Д1адехьира Шуьйтан к1оштан оьздангаллин Ц1ийнахь цу денна лерина долу цхьаьнакхетар

Цу мехалчу цхьаьнакхетаре дакъалаца баьхкинера к1оштан администрации куьйгалхо Акаев Руслан, цуьнан заместители, НР-н Юкъарал- лин советан председателан г1оьнча Бичалов Салавди, йуьтадай, организацийн, учрежденийн белхахой, иштта кхиболу хьеший а.
— Хууш ма-хиллара, вайн Мехкан-Дас шен указазаца д1акхайкхийна 25-г1а апрель — Нохчийн меттан де ду аьлла. Цо гойту вайна мел боккха тидам т1ебохуьйту вайн лакхарчу 1едало къоман мотт кхиорна, иза 1алашбарна. Нохчийн мотт — вайн дахаран хазна йу,- элира шен къамел д1адолош Р. Акаевс. — Мотт д1абаьлча, къам а д1адолу, ткъа къам д1адаьлча, суна хетарехь, кху махках а дан х1ума а дац. Матто лардо халкъан васт, г1иллакхаш, амалш. Ненан матто йов- зуьйту вайна къоман истори, культура. Иза царех д1акъасто йиш йоцу дакъа ду. Вайна ма-хаъара, кхин денбала ца буьтуш, чехош лелийна вайн мотт советан заманахь, цул хьалха а. Тахана вай массеран а декхар ду ненанматтана новкъарлонаш а ца йеш, ког хецна и кхиийта. Массанхьа а и безаш бийцар, баьрче баьккхина лелор. Кху т1аьхьарчу хенахь къаьсттина тидам т1ебохуьйту вайн 1едало нохчийн мотт а, йоза 1аморан хаттаршна. Арахецна нийсайаздаран бакъонаш. НР-н Куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен ницкъ кхочучу барамехь г1о-накъосталла до меттан 1илманчашна, яздархошна, журналисташна ненан мотт кхиорехь, иза марзбарехь цара хьоьгуш долу къа шена дика гуш хиларна. Луур дара вайн дьзалшкахь, берийн бошмашкахь, ишколашкахь, вайн йукъараллехь шовданан зов санна, даима а бекийла вайн ненан мотт! Даггара декъалдо шу Нохчийн метан денца! — дерзийра шен къамел Р. Акаевс.
Нохчийн меттан гулбелларш декъалбеш вистхилира Бичалов Салавди а.
— Ненан маттал деза х1ума дац вайна кху дуьненахь. Иза цхьаннах ахчанах эца йиш йоцу йа цхьанна терза т1ехь уоза лур йоцу хазна йу,- элира цо. — Луур дара чохь-арахь, массанхьа а даима а бекийла вайн ненан мотт. Декъалдо вай массо а кху дезчу денца!
Иштта ненан маттах хаза, довха дош элира шайн бист- хиларехь кхечара а.
РДК-н сцени т1ехь дехха дийкира цу дийнахь ненан маттахь иллеш, лиИкхира эшарш, йийшира байташ, х1иттийра забарен сценкаш.
Мериприяти чекхйаьлча гулбеллачеран аьтто хилира йарташкара беанчу 1ер-дахаран гайтаман г1ирсашка хьовса.
Ненан мотт бовзарехь, безарехь Дала совдохийла вай! Вайн меттан сий-пусар дан Дала хьекъал, доьналла а лойла вайна!
САИДОВ М

About Post Author

Общество