Джумаева Жансари йина а, кхиъна а йу Шуьйтахь. Кхуз- захь, 2010-чу шарахь, чек- хйаьккина йуккъера школа а. 2012-чу шарахь деша д1атасало Соьлжа-Г1алара политехнически техникуме. 2015-чу шарахь кхиамца чекхйоккху цо иза, «экономика и бухгалтерский учет» говзалла кара а йерзош.
Х1ара цхьа ши-кхо шо хир ду цо Шуьйтара кхиазхошна леринчу йухаметтах1отторан Центрехь воспитателан даржехь къахь- оьгу. Жансарина шен болх дика бевзаш хилар билгалдаьккхира директоран заместитела Мур- далов Алхаста.
— Жансари тхан коллективехь йевзаш, йезаш белхахо йу.
— Шена т1едиллина муьлхха а г1уллакх дика кхочушдо цо. Шен 1уналлехь долчу берийн йан ма-йеззара терго йеш, цаьрца лакхарчу т1ег1анехь д1ахьо кхетош-кхиоран болх беш схьайог1у Жансари . Кхуза балха йеана дукха хан йацахь а, ша дикчу аг1ор гайтина цо. Цундела тхан коллективехь сий-лараме кхаьчна иза,- ишт- та мах хадийра Жансарис бечу белхан А. Мурдаловс.
Иштта Жансарех шайна зе- делларг хьахийра Центран белхахоша а.
— Ша оьзда, дика йо1 хиларал сов, Жансари ч1ог1а собаре, къинхетаме хилар хааделла тхуна. Иза коьрта ду иштта а дахаран халчу хьолехь долчу, дешарна т1аьхьадисинчу берашца болх беш. Цул сов, шен леларца оьзда, йистхилар к1еда-мерза долуш а йу Жансари,- бохуш дика тоьшалла дира цуьнан белхан накъосташа.
Луур дара т1едог1учу кегийр- хойн Денца Жансари даггара декъалйан!
Хьайн балха т1ехь кхиамаш хуьлда хьан, доьзалехь даима иман-беркат а лаьттийла!
ЭСКИЕВ М.