Хууш ма-хиллара, вайн Мехк-Дас Кадыров Рамзана т1едилларца санитарии ц1еналла латторехь х1ора дийнахь бохург санна къахьоьгуш схьадог1у вай. Дагна боккха хьаам хуьлу вайна нехех ц1анйеш йарташ, некъан йистош гича. Тахана вайн республикера муьлххачу маь11е кхаьчча а гуш ду и хаза сурт И дерриге а дика ду.
Делахь а, бицбеллачарна дагадаийта луур дара кху дийне сатуьйсуш, кеманаша т1ейетташ бомбанаш, хаддаза чудетташ йаккхийчу тоьпийн х1оьънаш а долуш вай (х1ара мог1анаш йаздеш волу со а т1ехь) подвалаш чохь вешан са дадийна даьхкина. Массе- ран коьртехь цхьа ойла йара х1етахь: «Везан Дела, кху балех хьалхадахахь тхо, кхин х1ума ца доьхур-кх Хьоьга»,- бохуш. Рицъа т1аьхьа дерг Цо ваккха а ваьккхи оцу балех хьалха (1ожалло д1абигинчарна Дала гечдойла массарна а!). Ткъа Дала оццул вайх къинхетам биношшехь вайх цхьаццаберш сиха бицбелла аьлла хетало: бац вовшен ларам йа г1ийла- миска волчуьнца къинхетам, гуш ду иштта Дала вайна делла долчу кху исбаьхьа 1аламца вай къиза хилар а.
Иштта ойланаш хьаьвзира сан коьрте Соьлжа-Г1алара Шуьйта бог1учу новкъахь т1ех мел во- лучо молуш долчу шовданна т1екхаьчча. Ирча сурт дара цу дийнахь гуш хилларг: наха мелана х1иттийнчу пхи-ялх кур- шкех йацара шиъ бен, гуонах йаржийна йара нехаш…
Т1еман хенахь федеральни салташа бен-башха ца хеташ т1е автоматийн даьндаьргаш йиттина эрчадаьккхина лаьттира цхьана йукъахь к1удал керахь йолчу йоь1ан сурт.
Вайн республикан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана х1етахь т1едилларца Делимханов Адам коьртехь хиллачу нефтеполко кхузахь дикчу аг1ор шаьш дина г1уллакхаш д1адолийра и шовда тодарца. Дела резахуьлда царна!
Хиш, шовданаш бехдар, цаьр- ца ц1армат хилар, гуонах нехаш йаржор — ч1ог1а къилахь лоруш ду бусалба динехь, дог1уш дац иза вайн г1иллакхашца а. Ваьш бусалба а ду, Делах кхоьруш нах а ду бохуш хилча вай ле- лош дерг х1ун ду т1аккха? Шен машенчохь гулъелла нехаш (хуьлийла иза пластикан шиша, банананчкъуьйригйа кхийолу х1ума) меллаша, бен-башха ца хеташ шовдана хьалха охьак- хуьссу цхьаболчара.
Амма, шаьш уьш охьакхийс сале хьалха ойла йан йезар- кха: «Ванах, оха х1ара дича нийса хир дуй техьа? Цхьана дас къа ма хьегна х1ара шов- да вайна мала бег1ийла йолчу аг1ор тодан г1ерташ. Массара а кхисса ца йог1учу метте нехаш охьакхиссича х1ун хир ду кху- нах?» — аьлла.
Дала ваьшна делла сел хаза исбаьхьа 1алам лардан а, цуь- нан дан ма-деззара хама-пусар дан а хьекъал, иман, собар а лойла вайна.
Дала иманехь нисдойла вай!
ЭСКИЕВ. М