Поэзехь дуьххьарлера г1улчаш

Поэзехь дуьххьарлера г1улчаш

Идигова Раяна Пхьаьмтахь йина а, цигахь 1аш а йу. Шайн йуьртарчу школехь 9 класс йаьккхинчул т1аьхьа Шуьйтарчу йуккъерчу школехь дийшира цо. 2024-чу шарахь 11 класс чекх а йаьккхина, Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университете, филологин факультете заочни кепара деша йахара иза. Х1инца нохчийн меттан а, литературин а хьехархочун говзалла карайерзош йу йо1.
Раяна стихаш йазйан йолайелла башха дукха хан а йац, масех бутт бен, амма х1инцале б1аьрлачу кхиаме кхача кхиъна. Х1окху деношкахь хьехархойн университетехь д1айехьначу Нохчийн меттан денна леринчу нохчийн маттахь йазйинчу стихотворении конкурсехь кхозлаг1а меттиг йаьккхина цо.
Тахана газетадешархошна къоначу поэтессин Идигова Раянин цхьайолу стихаш йовзуьйту оха.

About Post Author

Общество