Лараме Шуьйтан к1оштан бахархой! Чекхбели вайна везчу Аллах1а баийтина болу сийлахь-беза Рамадан бутт. Цкъа хьалха суна луур дара вай массеран а ц1арахь марханаш къобалдан вайн Мехк-Ден Рамзан-хьаьжин а, иштта Ахьмад-Хьаьжин ц1арахчу Регионан йукъаралин фондан куьйгалхочун лераме Кадырова Аймани-хьаьжин а. Дала Шен дуьхьа лорийла цара кху махкахь г1ийла-миска бохкучеран хьаьстина дог, мел делла саг1анаш!
Дала къобалдойла вайн массеран а марханаш! Лайна хало Дала меле йазйойла! Дала могашалла лойла вайна массарна а т1ейог1учу ханна уьш кхаба а, даста а! Барт, марзо, вовшийн болу ларам ма-иэшабойла вайн цкъа а! Шайн доьзалийн, биеза-бевзачеран вуон ца гуш, даима а ирс-беркат лаьттийла шун керташкахь! Дала т1аьхье беркате йойла!
Ларамца, АКАЕВ Руслан, Шуьйтан к1оштан администрацин куьйгалхо

