Толаман Де! И де баккхийберца билгалдоккхуш ду Советски Союзана чудог1уш хиллачу дерриге а къаьмнаша. Иза ларамаза а дац. Нисса 78 шо хьалха Сийлахьбоккхачу Даймехкан т1амехь фашистски Германина т1ехь толам баьккхира Советски Армис. Цу йукъехь бара вайн дай, дедай а. Тахана, халахеташ делахь а, бисна а бац т1еман ветеранийн мог1анаш. Амма массеран а декхар ду оцу фашизман унах вай к1елхьардаьхначу турпалхойн (муьлххачу а къомах иза велахь а) сий дар, ларар, вайн иэсехь латтор.
Нохчийн къомана хазахетаран де хилла ца 1аш, иэшаман де хилла а д1ах1оьтти 2004-чу шарахь дуьйна. Нисса 19 шо хьалха, 9-чу Майхь, Толаман Денна лерина Соьлжа-Г1алахь д1ахьочу т1еман парадехь инзаре доккха эккхийтар а дина нохчийн халкъ хадийра шен Хьалхарчу Президентах Кадыров Ахьмад-Хьаьжех (Дала декъалвойла иза!). Дала бекхам бойла цунна шайн ц1ийх дуьзна боьха куьйгаш т1екховдийнчарна. Хьерехилла хьаьвзира Нохчийчоь. «Х1инца х1ун хила доллу техьа? Йуха а вай бердах кхисса кечдеш х1ума ду техьа?»,- бохуш хаттарш х1уьттура бахар- хошна хьалха. Сийна к1ур хилла, т1емаша човхийна, бохийна мохк, дуьне мел ду д1асадаьржина нохчийн къам — иштта хьал дара машаре дийне сатуьйсучу Нохчийчохь.
Ахьмад-Хьаьжас шен къомана уггар хала киртиг т1ех1оьттича хьалха а ваьлла гайтира дерриге а дуьненна халкъан дуьхьа муха ваха веза а, гайтира оьшучохь Даймахкана шен са д1адала кийча хилар а.
Нохчийн къоман йехачу, амма шалхечу исторехь шен-шен заманахь бевлла къонахий. Йуьртана, махкана т1е бохам беъча,
йукъ а йоьхкий хьалхабовлуш хилла уьш: Адин Сурхо, Таймин Биболт, Жуми Акхтула, Мадин Жаьммарза, шейх Мансур, Бенойн Бойсаг1ар, Харачойн Зеламха…
Церан амалехь коьрта- ниг хилла — йахь, собар, доьналла, майралла. Хилла г1ийла-мискачух къахетар, царна г1о дан кийча хилар. Даймохк, шен халкъ дезар коьрта лоруш хилла оцу вай лакхахь хьахийначу нохчийн къонахаша.
И масал аса лакхахь далий- ра вайга цхьажимма ойла йарца хилларш дустийта.
Масала: Адин Сурхо винчу нене веха бог1у йуьртахой: латтанаш д1адаха г1ерташ, т1ехь йоцу йасакх схьало, бохуш хьийзадо шаьш г1ебартой эло Мусоста, аьлла. Ша цунна белла накха хьарам бийр бара, йуьртана оьшучохь д1а ца х1оьттича, аьлла жоп делла Сурхон нанас. Иштта шайх ала дика дош дитина оцу къонахоша халкъалахь.
Нохчийчоьнан керлачу исторехь вайн халкъ х1аллакьхила гергадаханчу хенахь лакхахь хьехийна къонахий санна, йукъ а йихкина къомана
хьалхавелира Кадыровг1еран Ахьмад-Хьаьжа. Цо нохчийн халкъана т1е кхерам боьссича т1еман инарлашка а, вайна йукъара питана бен шайгара кхин диканиг ца даьллачарга а йуьхьдуьхьал д1аолура: «Ша шен къам цхьаьнге а ловзадойтур дац». Доггах шен къомах дог лозуш, иза дезаш ца хилча дийр дац иштта къамел.
Шайн ворх1е а дайшкара дуьйна к1орггера бусулба дин а долуш, нахаца дика тарлуш схьабог1уш бу Кадыровг1ар.
Ишттачу дайх схьаваьлла волу во1 ледара хуьлийла а дацара. Ахьмад-Хьаьжин амалашна йукъехь къаьстина гучуйевлира: хьаьнга а, мел къаьхьа делахь а, бакъдерг д1аалар, г1ийламискачун г1о лацар, ша делла дош кхочушдар. Иза вайна гина ду, хууш а ду.
Дала дика дина вайна цхьа- на х1уманна т1ехь: Ахьмад-Хьаьжас болийна машаре, беркате некъ д1абахьа йукъ а йихкина аравелира, уггаре кхерамечу хенахь шен дена йуххехь хилла волу, цуьнан к1ант Рамзан. Тахана къомана хьалха а ваьлла шен ден весеташ кхочушдеш схьавог1уш ву иза. Дала цуьнан аьтто бойла массо а х1уманна т1ехь! Цунна тешаме накъостий а хилла д1ах1итта Дала хьекъал, доьналла а лойла вайна!
ЭСКИЕВ М