Т1екхечи вай массара сатий- сина йовха аьхке. Адамаш хаало мелла а деладелла, декхаделла. Гонаха 1алам а д1ах1утту денлой, чу са дог1ий. Хууш ма-хиллара, ламанца сада1а хьалаг1ерта дукха нах. Уьш, дукхахьолахь, туристаш бу ала мегар ду России регионашкара. Иштта дозанал арахь бехаш болу вайн махкахой а кхочу кхуза истории сийлаллашка б1аьрг тоха. Хьанна ца лаьа ц1ена х1аваъ кийра бузош чуоза, ламанах бухдуьйлучу шийлачу шовданан къурд бан?!
Дала мукъалахь, вайн дукха йу хьешашна гайта а, йовзийта а и тайпа меттигаш. Уьш йолуш дозалла а до вай. Царна йукъахь коьрта меттиг д1алоцу Нихалара а, Нохч-Келара а чухчараша, Уьрд-Юхера сийна 1ам, иштта шира б1аьвнаш, шийла шовданаш…
Делахь а, ала г1ертарг кхин ду. Халахеташ делахь а, оцу туристех цхьаберш, аьр вай, шайн т1едоьхначу духарца ч1ог1а дастаме хаало (буьйцурш вайн къомах берш бац).
Цу хьолах лаьцна къамел тасаделира тхан Шара к1оштан вахархочуьнца.
«Деллахь, хьеший-м новкъа ма бацара вайна мел дукха хилча а,- долийра цо шен къамел. — Новкъадог1у уьш бен-башха доцуш т1е х1ума йоьхна гича. Цхьаьна нус а, цуьнца кхин а бехкениш болуш тхо лаьтташ, тхуна т1евеара царех масех, некъах дерг хатта. Т1ейоьхна шорташ а йолуш уьш гича д1а а бирзина йуьстах бевлира соьца хилларш. Ас шайга цу хьокъехь бехк баьккхича, кхин башха боьхна а бацара уьш.
— Шу долчахь-м мегара иза,
Нохчийчохь ч1ог1а бехкаме лору и санна дерг. Гой хьуна, суна йуххера зударий йуьстах бевлий и сурт шайна ца товш. Шаьш долчохь тхан кегийчу нахера цхьаъ даьлча шуна а ма дог1у новкъа. Иштта кхузахь а ду. Вай вовшен пусар-хама бича, лараме хилча дика хир дара. Иштта хаза вовшийн кхеташ къамел хилира тхан,- бохуш дуьйцура сан некъахочо.
Кхузахь ала дог1у, вайн туризман министерствос ца дуьйцуш, ца хьехош-м дац иза, делахь а нисло-кх и санна берш. Цара и санна болчарна кхузара хьал довзийта лерина арахецна йу Дагалацамаш (памятка). Цу т1ехь т1ебаьхкина кхечу къомах болчарна довзуьйту т1ейухучуьнца а, иштта леларца а муха хила веза.
Дийца даьккхинчара, и сакхташ-м вайн кегийрхойн а хаало. Масалш а ду вайн дийца дуккха а: Вайна дагадог1у Москвахь метро чохь хилларг, мич-мичахь хелха бийлар, гимн локхуш хьала ца г1аттар…
Товш дуй и т1аккха? И санна болчара дерриг къомах вуон ц1е йоккхуьйту: т1аккха вайна вуочу аг1ор ц1е кхуллу, лела хууш бац, олу. Ша оьзда волчунна новкъа дог1у и санна дерг вайн къомана аьлча. Дика хьаха дара, вай а д1а дах-даханчохь кхечу къоман г1иллакхаш лардахьара, иштта кхуза бог1учара а. Уьш массара а лардан дезаш хиларан цхьа а шеко йац.
Цу декъехь болх бара ишколашкахь, оьздангаллин кхер- чашкахь х1инцале жигарабаккха безаш. Вайна гонахара исбаьхьа 1алам а дара царна довзийта дезаш. Цуьнан сийлалла, дозалла хиъча бен лорур, лардийр а дац цара иза. Вайн Мехкан-Дас Кадыров Рамзана ца хьехош-м дац иза вайн кегийрхошца шен хуьлучу цхьаьнакхетаршкахь. Иштта дешначу наха, баккхийчара шайн хьехамашкахь а далхош ду и г1уллакх. Х1етте а бовлу-кх вайна йукъара цхьаберш, дуьйцург бен-башха ца хеташ…
«Нехан махкахь эла хуьлучул, шен йуьртахь лай хилар тоьлу» — бохуш ду вайн къоман кица. Мел боккха чулацам бу оцу дешнийн. Цундела бовза а, беза а беза Дала ваьшна совг1атана белла х1ара хаза мохк. Дала вайна деллачу кху исбаьхьа 1аламан сий-пусар деш, кхин долчу къаьмнашца лерам а болуш, нехан генарчу махке са а ца туьйсуш, кху сийлахьчу Нохчийчохь даха Дала хьекъал, иман, доьналла а лойла вайна!
ЭСКИЕВ М.