Мел хан-зама д1аэхарх нохчийн къомана вицлур вац иза

Мел хан-зама д1аэхарх нохчийн къомана вицлур вац иза

2023-чу шеран 23-чу августехь 78 шо кхочу Нохчийн Республикан хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа дуьненчу ваьлла.

Вайн халкъ хьере хилла хьаьвзинчу муьрехь, цунна кхерам т1ех1оьттича орцахваьлла, вайн ирсана шен дезчу дарже веана стаг вара Ахьмад-Хьаьжа. Цунна 1аламат дукхадезара шен къам, шен мохк, иштта къоман г1иллакхаш а.

Нохчийчохь синтем, парг1ато хуьлийла лууш, буьрсачу къийсамехь шен са а, дег1 а ца кхоош, кхалхар а нисделла, д1аваха иза вайна юкъара (Дала декъалвойла иза!) Амма вайн дегнашкахь даима а вехар ву къонахашна юккъехь а къонаха хилла волу НР-н хьалхара Президент Кадыров Ахьмад-Хьаьжа.

Шо-шаре мел дели генадовлуш доьлху нохчийн къомана т1ех1иттина хилла и баланийн, халонийн шераш. Амма тахана а ерзаза ю оцу т1еман къаьхьалло вайн дегнашна йина хилла чевнаш. Дела ша воцург кхин орцахвала стаг воцуш, нохчийн халкъ хьере хилла хьаьвзинчу муьрехь, къомана хьалхавелира Кадыровг1еран 1абдулхьамидан во1 Ахьмад-Хьаьжа. Доккха доьналла а, майралла а, политически кхетам, иштта хьежам а оьшуш зама яра т1ех1оьттинарг. Оцу кхерамечу хенахь и дерриге шегахь хилар гайтира Ахьмад-Хьаьжас.

2000-чу шеран 12-чу июнехь НР-н Администрацин куьйгалле х1оьттира Кадыров Ахьмад-Хьаьжа. Цунна х1етахь кхаьчнарг да воккхавийрволуш дарж дацара: бохийна-багийна мохк, мегарг д1адерзаза чуеттарш, еш кест-кестта зачисткаш, мича-стенга буьгу а ца хууш д1акхуьйлу кегийнах, цхьанна а аг1ор ваха-ван боцу аьтто… Нохчийчохь машар, низамца 1едал х1уттийла лууш бацара т1еман инарлаш, политикаш бу шаьш бохуш лелаш болу цхьаболу деятельш а, иштта цхьаццанхьа бевлла герзаш кхуьйсуш лелаш берш а. Церан питанца, тешнабехкаца байарш нислора милцошна, юьртадайшна, имамашна юкъахь.

Шайн ма-хуьллу меттигерчу 1едалах маьршачу бахархойн тешам байа г1ертара и вай лакхахь буьйцурш. Амма цунах г1уллакх хир доций кхийтира Нохчийчохь машар х1оттарна дуьхьал хилларш. Ахьмад-Хьаьжас даррехь д1ахаийтира ша цхьаьнгге а шен къам ловзадойтург цахилар.

Махкахошца шен кест-кестта хуьлучу цхьаьнакхетаршкахь Ахьмад-Хьаьжас довзуьйтура махкахь х1оьттина хьал, йовзуьйтура шен дог-ойла. Цкъа юьхьаьнца шекваьлла хилларг а теша волавелира цо юьхьарлаьцна некъ нийса хилар. Ша б1аьрзевоцчунна а гуш дара Ахьмад-Хьаьжа шена а, шен доьзална а х1ума лоьхуш цахилар. Иза къомана хьалхаваьллера цуьнан парг1ато ларъян. Муьлххачу а дуьненан маь11е ша вахча (иза кест-кестта кхочура, масала, 1арбойн пачхьалкхашка) даима а цо буьйцуш берг шен къоман лазам бара. Мел лакхарчу 1едалан т1ег1анехь болчаьрца шен хуьлучу къамелехь цо олура: «Сан къам дукха баланаш 1аьвшина, халонаш лайна къам ду, х1инца а изза хьал ду цуьнгахь. Дала мукъалахь, сайн са кхоор дац ас иза цу балех к1елхьарадаккха. Коьртаниг — нохчийн къам маьрша даха бакъо хилар ду. Сайх-м х1уъа хилча а шек ца волура со»,- олий. Ма-ярра цуьнан дог-ойла шена евзича массо аг1ор цунна оьшучунна шегара накъосталла хирг хилар ч1аг1дира Россин Президента Путин Владимир Владимировича а.

Иштта де-дийне мел дели ч1аг1луш лаьттара Нохчийчохь 1едал: болх бан йолаелира пачхьалкхан учрежденеш, кога-метта х1уьттуш яра МВД-н структураш, къаьсттина меттигера администрацеш. Иза Ахьмад-Хьаьжас хьалххе дуьйна дан леринарг дара. Цунна хаьара махкахь закон лоруш, лардеш ца хилча маьршачу нахана парг1ато хир йоцийла, цундела цунна т1ехьажийна бара цуьнан а, иза коьртехь волчу куьйгаллин а берриге ницкъ.

Чаккхе. Юьхь — 1-чу аг1он т1ехь.

Цул т1аьхьа бен референдум д1аяхьар нийса ца хетара Ахьмад-Хьаьжина. Делахь а, дарже кхача сихбелла болу вайн цхьаццаболчу политикаша бехкен ван волийра Ахьмад-Хьаьжа — иза федеральни центре шена г1о а дойтуш республикан куьйгалле ван г1ерташ ву, бохуш. Амма референдум сихонца д1аяхьа езаш хиларан коьрта бахьана кхин дара: Нохчийчохь телхаш лаьтта хьал дара цунна бехке, алсамбевллера т1еман аг1ор болчара маьршачу нахана бен ницкъаш, иштта а хьере хилла лела адам кхин а т1е г1елдинера, яцара ларъеш цхьанна а аг1ор стеган бакъонаш.

И дерриге а гуш дара Ахьмад-Хьаьжина. Цунделла коьрта лорура цо вайн махкахь бакъонца хаьржина 1едал д1ах1отта дезаш хилар. Бакъдерг аьлча, кхин а атта некъ-м бара оцу г1уллакхан: Москваца федеративни барт а бина иза къобалбеш куьйг яздар. Махкахь долу хьал гуш-хууш волчу Ахьмад-Хьаьжас иза аьттехьа а ца дитира. Шен къоме хаттам а беш референдум д1аяхьар т1еч1аг1дира цо. Цунна хаьара и тайпа маь1не г1уллакх халкъера бакъо ца хилча, дича а нийса хир доцийла. Цу хьокъехь цуьнан дуккха а цхьаьнакхетарш хилира дешначу нахаца, юкъараллин векалшца, ярташкара бахархошца.

2002-чу шеран 11-чу декабрехь Гуьмсехь хиллачу Нохчийчоьнан къаьмнийн съездехь республикехь референдум д1аяхьан езаш хилларан хьокъехь Россин президенте В. Путине болу кхайкхам т1еийцира съездан декъашхоша. Оцу кхайкхам т1ехь билгалдаькхинера Нохчийчохь юкъараллин-политически хьал мелла а меттах1оттаран новкъахь делахь а, иза тоьаш цахилар. Массо а аг1ор хила еззачу кепара бакъонаш а йолуш Российски Федерацин дакъа хила дезаш дара Нохчийчоьнах. Цундела НР-н Коьрта закон — Конституци т1еэца езаш хиларан цхьа а шеко яцара. Иза дерриге а референдумехь къастон дезаш хилар хууш дара. Цул т1аьхьа бен кхоччуш болх бан долалойла дацара меттитгера 1едал, вуьшта пачхьалкхан кхийолу институташ а. Иштта лаам бара Ахьмад-Хьаьжин. Цунах кхеташ волчу В. Путина куьг яздарца араделира №1401 йолу Указ — Нохчийчохь референдум д1аяхьа бакъо луш долу. Цул сов, Путин Владимир Владимировича кхайкхам а бира Нохчийн къоме оцу референдумехь жигара дакъалацар доьхуш.

Массо маь11ера телеграммаш оьхура Ахьмад-Хьаьже Нохчийчохь д1ахьонйолу референдум шаьш къобалъеш хилар ч1аг1деш. Царна юкъахь яра дуьненаюкъара правительствийн йоцу организацеш, иштта и мехала г1уллакх къобалдеш хаамаш бора 1арбийн мехкашкара куьйгалхоша а, дуьненахь бевзаш болчу 1еламнаха а. Республикан массо а т1ег1анехь мало йоцуш д1аболийра референдумана кечамбар. Цхьа а шеко йоцуш, иза боккха политически толам бара: референдумо гойтуш некъ бара — кхид1а муха яха еза Нохчийчоь, аьлла. Наха шаьш хаьржина бакъдолу 1едал хилар, цул сов, Нохчийчоьнан шен Конституци хилар — боккха кхиам бара. Вайн мохк маьршачу новкъа бала цалуучеран «букъ кагбар» дара иза.

Х1окху шеран 23-чу августехь 68 шо кхочур дара Нохчийн Республикан Хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин. 2004-чу шеран 9-чу Майхь, Сийлахь-боккхачу Толаман дийнахь цхьана х1ун ю а ца хуучу к1иллоша йоьллина фугас эккхийтарца, тешнабехкаца вийра иза шен накъостаца, НР-н пачхьалкхан Советан Председатель хиллачу Исаев Хьусайнаца а, цхьамог1а кхечу вайн махкахошца а цхьаьна. Пхийтта шо ду Ахьмад-Хьаьжа вайца воцу (Дала декъалвойла иза!). Иза коьртехь а волуш нохчийн къомо референдумехь т1еийцира 2003-чу шеран 23-чу мартехь НР-н керла Контитуци. 79,63 % харжамхошна юкъахь республикан Коьрта закон къобалдеш кхаж тесира 95,5 % харжамхоша. Дуьйцийла йоцуш, хьалхара боккха толам бара иза нохчийн халкъан а, цуьнан баьчча волчу Ахьмад-Хьаьжин а вайн махкахь бакъдолу, мискачу нехан бала болу 1едал д1ах1отторехь. Цул т1аьхьа, 2003-чу шеран 4-чу июлехь, араделира Россин президента В. Путина куьйг яздарца «Нохчийн Республикехь хьалхара президент харжаран харжамаш», аьлла №729 йолу Указ.

Дукха вайн республикера а, цул арахьа а бехаш болчу нахера кхайкхамаш оьхура Ахьмад-Хьаьже президентан харжамашна юкъавахар доьхуш. Кхузахь хьахо деза, Ахьмад-Хьаьжина федеральни центре аьрзнаш деш, иза харжамашна юкъавахарна резабоцурш а бара, цхьаболу дарже кхача г1ерташ болу «политикаш». Ахьмад-Хьаьжас башха тергал а ца бора и тайпа къамелаш деш берш. Цу хьокъехь цо дика элира:

«Иштта нисдели-кх ваххабисташца, экстремисташца, кхийолчу нахана бале евллачу тобанашца а къийсам латторехь сан хьалхавалар. Тахана со харжамашна юкъа ца г1ахь, сайх а, вай арабаьккхинчу некъах а тешна болчу нахана боккха тешнабехк бу аса беш берг. Далла гуш ю-кх сан дог-ойла. Нагахь санна х1ара аса юьхьарлаьцна некъ д1абахьа стаг велахь, цунна юххе а х1оьттина д1аваха кийча ву со тешаме накъост а хилла. Амма, вайна гуш ма-хиллара, и тайпа стаг воцуш ву. Даима а къинхьегаме а долуш, дукха зиэрех чекхдаьлла нохчийн къам. Дала мукъалахь, вайн махкахь кестта то а делла д1ах1уттур ду маьрша дахар. Иза дан вай кхиахь — коьрта 1алашо кхочушхилла ала йиш ю вайн».

Хан-замано гайти вайна Ахьмад-Хьаьжа бакъ хилар. Сел декъаза, г1ийла долу нохчийн къам хьере хилла хьаьвзича, Делаца ч1аг1о а йина, шен юкъ а йихкина цунна хьалхаваьлла д1ах1оьттира иза. Доггах шен къам дезар, цуьнгахь болу бала шен сих а, дагах а хьакхабелла хилар гайтира, кийрахь бусалба дог долчу Кадыровг1еран Ахьмад-Хьаьжас (Дала декъалвойла иза!).

Ткъа тахана 68 шо бен кхочур дацара цуьнан!  Мел дукха цо кхочушдан лерина г1уллакхаш диси, мел гена кхийдина ойланаш д1аяй. Амма Делан къинхетам боккха бу, цхьадика. Ахьмад-Хьаьжас дан мел леринарг кхочушдина а, кхочушдеш а схьавог1у тахана цуьнан тешаме накъост а, г1ортор а хилла лаьттина волу цуьнан к1ант, Нохчийн Республикан Куьйгалхо Кадыров Рамзан.

Бакъдуьненчу ша д1авоьрзуш шен к1анте: «Х1ара а делахь, иза а чекхдаккхалахь»,- бохуш, леррина весеташ дан кхиъна хир вац Ахьмад-Хьаьжа. Делахь а, и дерриг шега дас дийцича санна, 1аламат инзаре боккха болх бан а бина, тахана беш а ву Нохчийн Республикан Куьйгалхо Кадыров Рамзан вайн Даймохк юхаденбарехь, иза кхид1а а кхиорехь, тобина, сурт санна хазбина д1ах1отторехь. И бакъдерг дац ала йиш яц таханлерчу дийнахь вайн махкахь вехаш волчу цхьанна а стеган. Кхузаманан исторехь, массара а даре деш ма-хиллара, и тайпа болх оццул йоцачу хенахь цхьана а меттехь цхьана а паччахьо я куьйгалхочо бина бац.

Мел хан-зама д1аэхарх нохчийн къомана цкъа а      вицлур вац шен дуьхьа дахар д1аделла волу Ахьмад-Хьаьжа. Цуьнан ц1е нохчийн керлачу исторехь дашочу элпашца язйина хир ю. Цундела ду вай дерриш а Ахьмад-Хьаьжин сийнна а, таханлерчу НР-н Куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане болчу ларамца а ваьш дол-долчохь халкъан а, мехкан а дуьхьа къахьега дезаш. Иза вайн декхар ду аьлла хета тахана а, т1е мел йог1учу ханна а…

Эскиев М.

About Post Author

Общество