Бакъдерг д1аала доьналла оьшура

Бакъдерг д1аала доьналла оьшура

Сиха йоьду хан-зама. Иттех шо хьалха хилларг селхана хилча санна хетало. Вайн къомана хала мур т1ех1оьттинчу хенахь, хьанна а муха хетар ду ца хьоьжуш, бакъдерг д1аолуш вара вайн Хьалхара Президент Кадыров Ахьмад-Хьаьжа (Дала г1азот къобалдойла цуьнан).
Тахана санна дагадог1у д1аихна хилларш-лелларш, царех цхьадерг цхьажимма хьахадан 1алашо а йу-кх вайн.
Боьдуш цхьа луьра т1ом хуьлу. Жа санна чубаьржина бог1уш хуьлу «акха нохчий». Цхьадика, цара схьатухуш долу герз, салташна х1ара ду аьлла зен ца деш, х1оъ-молха дайар а хуьлий д1адолу. Кхара д1а тух-туху даьндарг-м т1ебевдда бог1учу нохчашна д1акхетта ца 1аш, царах дамаран цу беш чекхйолу. Оьланаш йина 1охку арахь иштта кхара говза герз детташ охьабехкина «акха нах», аьлча а, нохчий. Эццахь патронаш кхачадо кхеран, йа д1огара схьакхуьйссуш йолу минометаш д1асовцу (церан а кхачало хир йу-кха цхьаъ). Циггахь арахь 1охкуш берш йухаденло, т1аккха арсаш а дохий чухьовду уьш, шайна динарг д1адекха. Д1а а, схьа а, шаьш т1е кхоч-кхочучу и арсаш а хьоькхий, бовду «боевикаш». Т1акха схьагойту дайина 1охку и оьрсийн «бераш» (цу т1е кхаьчча бераш ма хуьлий царах). Кийрахь дог долчу хьажархочун б1аьргех хи хьоду, и тамаша а бац: къа ма ду оцу цхьа а бехк боцчу, х1инцца бен дуьненан а, дахаран а мах хаа ца буьйлабеллачу мисканийн. Ц1ахь да-нана а ду хьоьжуш, ма-барра буьсуш бу доттаг1ий, безамаш, дахаре а, дуьнене а болу хьежамаш…
Иштта йара Нохчийчохь хиллачу т1емех лаьцна йохуш хилла фильмаш («Честь имею», «Блок-пост», иштта д1а кхин а). Цхьадика, тахана-м хаъал д1алахйелла уьш…
Стенна лелош ду техьа иза, аьлла ахь ойла йича, карош цхьаъ бен жоп дацара: цхьаболчу политикашна лаьара вайх даима а террористаш, бандиташ олийла. Т1екхуьучу къона чкъурана коьрта чу дилла г1ертара вайх лаьцна харц мел дерг.
Цу дерригенах а ч1ог1а дика кхетара Ахьмад-Хьаьжа. Оцу хенахь бакъдерг ала дезаш меттиг бара иза. Цхьаннах оза а ца луш и д1аала иза бен вацара. Цо Ростовехь а, кхечахьа а хиллачу кхеташонашкахь, къамелашкахь дукха дийцинера и дерриг а. Хьекъал долу дуккха а кхиболу нах (бен-башха а дац, уьш оьрсий, йа жуьгтий, йа нохчий хиларх) санна, и вешаш вацара оцу тайпанчу «кхоллараллех», и санна йолу теле- йа кинофильмийн авторех. Цунна хууш а, гуш а дара и санна йолу «произведенеш» хьалхехь йинчу кхоллараллин йа юкъараллин заказаца гучуюьйлуш хилар. Ахьмад-Хьаьжас х1уммаъ лечкъа а ца деш, д1аолура и дерриг а. Цундела а хилла хир бара цуьнан къайлах болу мостаг1ий, шайн хан т1екхаччалц бохуш тийна-таь11ина 1ийна болу… Дагадог1у цо аьлла дешнаш: «Ша шен къам цхьаьнгге а ловзадойтур дац». Цо ловза а ца дойтура, йоца ц1е вайна т1екхолла г1ертачаьрга. Цхьа мостаг1 воцуш-м къонах хила а ца хуьлу. Парг1ат, маьрша дахар дац къонахчо шена лохуш дерг. Цо лохург нахана, халкъана юьхьк1ам, парг1ато, токхе йу. Оцу новкъа ваьлларг х1оттийначу 1алашоне д1а ца кхочуш вуьсуш а хуьлу, амма цо халкъана гайтина машарен некъ б1ешерашкахь буьсу. Иштта вайн халкъалахь къонахийн лар йитинчарех цхьаъ вара Ахьмад-Хьаьжа.
Дала кхачадойла вай нохчий халкъана хьалха лаьттачу 1алашонашка. Дала декъалвойла и 1алашонаш вайна билгалйаьхна, гайтина а волу Кадыров Ахьмад Хьаьжа! Цо йийцина а, х1инца вай юьйцуш йолу а «фильмаш» (уьш йоцург кхидерг а) йохуш хиллачу «деятельшка» а, и 1алашо цаьрга кхочушйойтуш болчаьрга а цо йуьхь-дуьхьал бакъдерг д1аолуш б1аьрг бузура массеран а цунах. Хаьара, цхьаьнгге а къомана т1е цо харц ц1е а кхуллуьйтур йоций. Тешара, цо цхьаьнгге а шен къам ловзадойтур доций. Ахьмад-Хьаьжас дерриг дуьненна д1ахаийтира нохчийн къам къахьега хууш а, шеца къинхетам болуш а, массо а къаьмнашца бертахь даха лууш хилар. Иштта адамаллин коьртачех цхьа аг1о йара Ахьмад-Хьаьжас вайна цу халчу муьрехь гайтинарг. Цо билгалбаьккхинчу машарен некъа т1ера кхин гал ца довлуш, вайна хьалхаваьллачу къоман баьччина Рамзанна тешаме накъостий а хилла д1адаха Дала хьекъал, доьналла а лойла!
ЭСКИЕВ М.

About Post Author

Общество